Республикин «Берийн аз» конкурс

Нохчийн Республикин культурин министерствос, В.Татаевн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан Культурин а, искусствон а колледжаца цхьаьна нохчийн маттахь иллиалархошна юкъахь «Берийн аз» республикин берийн конкурс дIакхайкхийна.

Конкурс кхаа муьрехь дIахьур ю: 1-ра мур: конкурсехь дакъалаца лаам болчеран заявкаш чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнера бекарг (март) беттан 15-гIа де тIекхаччалц – схьаэцаран. 2-гIа мур: В.Татаевн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствон а колледжехь оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь конкурсан дакъалацархошка ладогIаран. 3-гIа (финалан) мур: асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь толамхой декъалбаран даздарш дIадахьаран.

Конкурсан толамхойн гала-концерт дIаяхьаран.

Дакъалаца лаам хилар хоуьйтуш, чулучу заявкина юкъадогIу: дакъалацархочо анкета язъяр а, тайп-тайпанчу теманашна лерина нохчийн маттахь йолчу 2 эшаран видеокийсак яийтар а.

Конкурсан номинацехь а, категорехь а хIокху тайпа бехкамаш бу: сольни йиш лакхарехь (хенан категореш: 7–10 шо; 11–14 шо), ансамблехь йиш лакхарехь (хенан категореш: 7–10 шо; 11–14 шо).

Конкурсанташна цхьана номинацехь бен дакъалаца бакъо луш яц.

№13, чиллин (февраль) беттан 18 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: