Исламан сийлаллех уггаре а езачех цхьа сийлалла ю Маккара КаIбат, ХьаьжцIийнан дог. Цунах бIаьрг кхетча, бусалба стеган бIаьрг-дог делхаза ца Iало. Цунна тIекхача, цунна куьг хьакха сатосу массо а бусалба стага. Бусалбанашна уггаре а еза меттиг хилла дIахIоьттина КаIбат. Иза церан къилба ду. Дуьненахь мел волчу бусалбано шен юьхь цунна тIе а ерзайой до ламаз.

ХIокху дуьненахь уггаре а хьалха дина цIа ду КаIбат. Иза маликашка дайтина Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа. ИбрахIим-пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, цуьнан кIанта ИсмаьIала хьаладоьттина ду КаIбатан пенаш, бусалбанаш кхуза хьаьждан бахкийта.
Iилманчаша а, Iеламнаха а, историкаша а чIагIдарехь, КаIбат лаххара а 5–12-зза тодина ду. Дуьххьара иза тодеш-хийцина Адам-пайхамара (Делера салам хуьлда цунна). Цу чохь Далла Iамал а йина, Iибадат а дина вайн зуьретан дас.
Мелла а куц хуьйцуш, КаIбат юха а тодина ИбрахIим-Пайхамара (Делера салам хуьлда цунна). Цо а, ИсмаьIала а тодинчул тIаьхьа, КаIбатан барамаш иштта хилла: малхбалехьара пен 14,80 метр хилла; Хатеман агIонехьара пен 10 метр хилла; Iаьржачу тIулгийн Йеменан сонаний юккъера агIо 9,15 метр хилла; малхбузехьара агIо 14,2 метр хилла.
Цу тIе а доьгIна аьлча, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оьмар тIекхачале, кхин а масеххазза тодина аьлла хетало КаIбат.
Вай хIинцца аьлла ма-хиллара, КаIбат дуьненарчу берриге а бусалбанашна деза а, сийлахь а ду. АллахIах тешаш мел верг кийча ву и лардан, цунна тIе куьг дахьа гIоьртинарг, шен са дIаделла а, сацо.
Цундела муьлхха а бусалба стагана, ла ца даллал чIогIа, новкъа догIу Къематде, хIара харц дуьне духу долу де гергакхаьчча, Делан мостагIаша Сийлахь КаIбат дохор ду бохург хезча. Хаттар хIутту: оцу хенахь цхьа а бусалба стаг хир вац-те иза лардан? – олий.
КаIбат дохор Къематде гергакхаьчна хиларан билгалонех цхьа билгало хир ю. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъ хьадисаша дийцарехь, иза дохор ду Абиссинерчу (Эфиопи) цхьана боьхачу стага. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «КаIбат дохор ду Абиссинерчу стага, цуьнан когаш буткъа а, боца а хир бу» (Муслим, Бухари).
Иштта, шел доккханиг кхин хир доцуш, и зулам динчун аматаш дуьйцучу хенахь билгалдаьккхина цуьнан коьрта тIехь месаш хирг цахилар а, цуьнан когаш сеттина а, боца а хирг хилар а.
IабдаллахI ибн Iамр ибн Аль-Iаса дийцина, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «КаIбат дохор ду Абиссинерчу боца когаш болчу стага. Цо дIахьур ю цу чохь мел йолу хаза хIума, охьайоккхур ю пенаш тIера шаршу. Суо цуьнга: куьйса а, гома когаш а болчу, хьоьжуш волуш санна хета суна. Цо иза дохор ду белаца а, зIокбергаца а» (Муслим, Бухари).
Абу Хурайрас дийцина, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «КаIбатан сийлалла талхор ю иза лоруш болчара. ТIаккха Iаьрбийн кхалхар чIогIа ирча а, къиза а хир ду. Цул тIаьхьа эфиопаш богIур бу, цара КаIбат дохийна дIа а доккхур ду. Кхин цкъа а иза метта а хIоттор дац. Цу чуьра хазна а царна кхочур ю» (Ахьмад).
И дерриге а Къематде гергакхаьчча хир ду. Оцу хенахь лаьтта тIехь АллахI хьахош, Цуьнан цIе йоккхуш цхьа а стаг хир вац.
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а ма аьлла: «Лаьтта тIехь: «АллахI, АллахI», – олуш стаг волуш Дуьне духур дац».
Делахь-хIета, Сийлахь КаIбат а дохор дац хIокху дуьненахь АллахIах тешаш цхьа стаг а волуш. Бусалбанаш дIабевлча, дохор ду иза. Дохор ду Къематде гергакхаьчначу хенахь, дуьненахь инзаре хиламаш хила буьйлабелча, КаIбатан сий лахдала доьлча. Делан лаамца а, боккхачу къинхетамца а хир долуш ду иза. Хир долуш ду адам Iеса даьлча, АллахIан нийсачу некъа тIера дIахьаьвзича, тиладелча.
Делахь а, лан хала ду-кх цкъа мацца а Сийлахь КаIбат дохор ду бохург.
Везачу АллахIа ца духу долу ийман а, собар а лойла вайна!
Дала Шен, барх кхачалуш боцчу, къинхетамах ма дохийла вай!
Вайна даима а Сийлахь хилла дуьсур ду КаIбат. ХIора дийнахь, пхоьазза цунна тIедоьрзуш, Везачу АллахIа вайна тIедиллинчу пхеа парзах цхьаъ (ламаз) кхочушдан могашалла, хьуьнар, ийман, собар хуьлийла-кх вайн!
А.РАМАЗАНОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 18 де, 2020 шо