Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос республикин кегийрхошна юкъахь дIахьош ю нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а «#ЛарбеМотт» проект.

Оцу проектехь дакъалоцуш бу «Путин» а, «Къона кадыровхой» а, «Ахмат» а боламийн жигархой.
ГIалин урамашкахь кегийрхошна цара дIасайоькъу нохчийн меттан дожарш, легарш, кIиран денойн а, беттанийн а цIераш тIехь йолу буклеташ. Иштта, Кегийрхойн цIийнехь дIахьош йолчу нохчийн мотт Iаморан лерринчу дарсашкахь дакъалаца а кхойкху.
Кегийрхойн цIийнехь «#ЛарбеМотт» проектана юкъайогIуш Соьлжа-ГIалин а, республикин кIоштийн школийн а дешархошна лерина «Мотт а, цуьнан коьрта билгалонаш а, маьIнаш а» семинар дIаяьхьира. Иза дIахьош яра Россин Федерацин бераш кхетош-кхиоран сийлахь белхахо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо Исакова Бирлант.
Семинаран дакъалацархошна нохчийн меттан нийсаяздаран цхьайолу бакъенаш йовзийтира Бирланта.
Иштта, барта а, йозанан а маттахь дукхахболчу кегийрхоша дохуш долчу гIалатех лаьцна а дийцира цо.
Дуккха а керланиг девзира берашна.
Семинаран коьрта дакъа чекъдаьлча, берийн хаттаршна жоьпаш делира хьехархочо.
ВЕГИЕВА Макка
№13, чиллин (февраль) беттан 18 де, 2020 шо