Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон хаамашца, чиллин (февраль) беттан 2-чу дийнахь республикин школашкарчу 9-чу классийн дешархоша оьрсийн маттехула шайн хаарш зийра хIорашеран жамIаш даран собеседованехь. 25 эзар дешархо вара оцу зерехь дакъалоцуш.

Оьрсийн маттехула йолчу жамIан собеседованехь оьрсийн маттехула долчу тIедахкаршна барта жоьпаш дала дезаш ду. Дешархоша шайн-шайн школашкахь кхочушдеш ду тIедахкарш. Зераш чиллин (февраль) беттан шолгIачу кхаарин дийнахь дахьош ламаст ду.
Оьрсийн маттехула жамIан собеседовани 2018–2019-чуй дешаран шарахь дуьйна дIаялар тIедожийна школийн 9-чу классийн дешархошна. Оцу зерах кхиамца чекхвалар Пачхьалкхан жамIан аттестаци дIаяла бакъо яккхар ду.
Собеседованехь «зачёт» я «незачёт» аьлла хадош бу мах. ЖамIан собеседованехь 4 тIедиллар кхочушдира дешархоша: текст дIаешар, ешнарг юха схьайийцар, хаьржинчу темина монолог ешар, цхьана суьртах лаьцна дийцар хIоттор (шен дахарера масалш далош билгалъяьлла проблема йийцаре ян).
ДоьалгIачу тIедилларехь диалог хуьлу экзамен схьаоьцучунний, собеседовани дIалуш волчунний юкъахь. Берриге а болх кхочушбича лаккхара хIоттошъерг 20 а, лахара 10 а балл ю.
Болх кхочушбан луш 5 минот ю, ткъа могашалла ледара йолчу дешархошна а, заьIапхошна а жоьпаш 30 минотехь дала магийтина.
Дешархойн белхашна 5 дийнахь талламаш бича къаьстар ду жамIаш. «Незачёт» хIоттийначу а я болх кхочушбечу дийнахь цхьана бехкамечу бахьаница школе цавеанчу а дешархочунна болх юхакхочушбан билгалдаьхнарш бекарг (март) беттан 11-чу дийнера хIутосург (май) беттан 18-чу дийне кхаччалц дерш ду.
Пачхьалкхан Коьрта Экзамен хенал хьалха дIаяларан мур бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь дуьйна, хIутосург (май) беттан 16-чу дийне кхаччалц дIахьур бу. Ткъа экзаменийн коьрта мур хIутосург (май) беттан 22-чу дийнера асаран (июнь) беттан 30-чу дийне кхаччалц хир бу.
ТIеелла хан товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнера 18-гIа дийне кхаччалц а хир ю.
З.ХИЗИРОВА
№13, чиллин (февраль) беттан 18 де, 2020 шо