Нохчийчоь: кхиаран анайисташ / 21.02.2020 шо

Авиабилетийн мехаш охьадахаран некъаш лахар тIедиллина

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира республикин Правительствон Председательца Хучиев Муслимца.

Кхидолчу мехалчу гIуллакхашца цхьаьна цара дийцаре дира кеманца Соьлжа-ГIалара дIавоьдург а, юха кхуза дIасавогIург а боккхуш болу мах лахбаран хьокъехь долу гIуллакх.

«Луларчу регионашкахь болчу механ тIегIане кхаччалц мукъане а, билетийн мах охьабаккха таро лун йолу гIуллакхаш дан деза вай. Адамаша аьрзнаш до вай долчохь билеташ луларчу регионашкахьчул 50–60 поцентана деза ду бохуш… Герггарчу хенахь «Грозный» аэропорт Россехь а уггаре а тоьллачарах цхьаъ хилла дIахIуттур йолуш ю. Цундела, оцу гIуллакхна къаьсттина тидам тIебахийта беза», – элира Кадыров Рамзана.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира иштта хьал кхолладалар конкуренци цахиларца доьзна хилар, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIаларчу аэропортера дIасалелаш дерш коьртачу декъана шина авиакомпанин кеманаш бен дац.

«Тхо дийцарш деш ду кхечу авиакомпанешца а. Цаьрца барт баро таро лур ю хIинца хIоьттина хьал дикачу агIор хийца а, билетийн мах охьабаккха а», – чIагIдира Правительствон Председатела.

ХIокху шарахь 100 буоберана хIусамаш лур ю

Вайн республикин Куьйгалхочо шен хаддазчу тергонехь латтош ду буоберийн дахаран-Iеран хьелаш тодаран, церан хьашташ кхочушдаран гIуллакхаш.

Иштта, хIокху деношкахь республикин Къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министраца Баширов Iусманца хиллачу цхьаьнакхетарехь а цо юха а дийцаре дира буоберашна хIусамашца кхачояран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Министра цуьнга дийцира буоберашна, дIадаханчу шарахь а санна, 2020-чу шарахь а 100 хIусам яла дагахь хиларх лаьцна.

«Тхо тешна ду тхан и дан ницкъ кхочург хиларх. Карарчу хенахь Нохчийчохь хьесапе эцнарг дерриге а 3 эзар гергга буобер ду. Царах 1 450 шайн хIусамаш йолуш Iаш ду. Дукхахболчара шайн доьзалш кхоьллина», – чIагIдира I.Башировс.

Оцу гIуллакха тIехь ледарло ян мегарг цахилар дIахаийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Нартол хийца, кхин а хазъян йолийна

Устрада-ГIалара Соьлжа-ГIала схьабогIучу некъаца вайн пачхьенна чувуллучохь йолу нартол газа хир вац вайх цхьа а. Иза кхин а хазъян, куьце ян ойла ю вайн Iедалан.

ХIинцале цигахь, лаккхарчу жигараллица, дIахьош бу нартолан сурт хийцаран белхаш.

Вайн къоман куьцаш долуш, кхузаманан «хай-текан» хотIехь а, тоьллачу стандартийн лехамашна жоп луш а, архитектурин башхаллаш шеца йолуш а хир ю иза.

Нартолан локхалла 13 метр хир ю. Ткъа шина а агIор хир йолчу бIаьвнийн локхалла – 21 метр. Нартолан йохалла 55 метр хир ю.

И белхаш барца цхьаьна дIахьур ду цигахула тIехболуш болу некъ шорбар а. ХIинца болчу некъана дехьа а, сехьа а, шишша аса тIекхетар ю.

Делахь-хIета, Iуьйранна а, суьйранна а машенаш алсам хуьлучу сахьташкахь дIасадахар паргIат хир ду.

Дуккха а хазделла дIахIуттур ду герггарчу хенахь Соьлжа-ГIалин коьрта ков.

Дийцаре дира юкъараллина мехала гIуллакхаш

Профсоюзийн цIийнехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира пачхьалкхан Iедалан органийн а, коммерцин йоцчу организацийн а юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Т.Алиевс, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора А.Абдулаевс, Дешаран а, Iилманан а министра И.Байсултановс, Юкъараллин палатин Председатела И.Денильхановс, кхечара.

Iедалан органийн а, коммерцин йоцчу организацийн а юкъаметтигаша юкъараллехь лелочу маьIнех лаьцна а, церан зIенаш, уьйраш чIагIъян езаш хиларх, цхьаьна гIуллакхаш дар алсамдаккха дезаш хиларх лаьцна а дийцира лакхахь цIераш яьхначара а, кхечара а.

Ткъа Байсултанов Идриса къаьсттина тидам тIебахийтира нохчийн культура кхион езаш хиларна а, нохчийн матте безам кхолла безаш хиларна а.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин гIоьнца хаамаш зорбане кечбинарг – Хь.САИДОВ
№14, чиллин (февраль) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: