Сахиллалц, садаллалц, шеран муьлххачу а хенахь, кху дуьненахь уггаре а йоккхачу пачхьалкхана Россина гIаролехь бу вайн мехкан дозанхой. Цара лардечу дозанан йохалла 60 993 километр ю. Цунах 38 808 километр хIордашца, ткъа 22 185 километр лаьттахула чекхйолу. Хууш ма-хиллара, шина материкна – Европина, Азина тIехь Iуьллу Росси. Цуьнан майда 17,1 миллион квадратни километр. Цунах 30 процент Европина, ткъа 70 процент Азина кхочу. 32 пачхьалкхаца машаран бартаца а, 116 пачхьалкхаца-лулахочуьнца а доьзна ду Россин доза.
Кхеташ ду, оццул жил-Iаламна алссам дозанхойн эскар эшар. Халкъийн комиссариатан советан Декретца 1918-чу шеран 28-чу майхь вайн махкахь дуьххьара кхоьллина и эскар. Ткъа 1994-чу шеран 23-чу майхь арадаьллачу Россин Президентан Указца, вайн пачхьалкхан дозанан ламасташ меттахIиттон а, кхион а йолчу Iалашонца – 28-гIа май РоссинДозанхойн Де хилар тIечIагIдина.
Россин субъект йолчу Нохчийчохь Дозанан Урхалла кхоьллина 15 шо ду. 1999-чу шеран 20-чу декабрехь, дозанхойн гIаролан дуьххьарлера тоба, Россин Гуьржийн махкаца долчу пачхьалкхан дозанна гIароле хIиттина Нохчийн Республикехь. Оцу халачу муьрехь Россин оборонан министерствон 56-чу парашютно-десантни полко кхочушйира «Орга» цIе йолу тIеман операци. Вайн махках а, цуьнан къомах а сийна цIе яларх бен-башха ца хетачу, талорна гулъеллачу хийрачу мехкашкарчу законехь йоцучу тIеман тобанашца тIаме хIитта дийзира церан. Баьццарчу «беретийн» бIаьхоша доьналла а, турпалалла а гайтира Гуьржийн махкара герз а, тIамна оьшу гIирс а, сурсаташ а, террористийн лагершкахь Iамийна тIемалой а вайн махка кхачон гечо дIакъовларехь.
Оцу муьрехь Россин доза лардинчу 5 бIе дозанхочунна пачхьалкхан тIеман совгIаташ делира. Царна юккъехь вара «Орга» операци д1аяхьарехь дакъалаьцна 121 дозанхо. Ткъа прапорщикашна МорозовгIарна Вячеславна а, Алексейна а, старшинана Навроцкий Вадимна а «Мужество» орденш елира. Уьш а кхузахь кхелхинчу 69 дозанхочунна юккъехь бара. «Орга» операцин Iалашонаш кхочушхилира – Россин Гуьржийн махкаца долу доза Нохчийчохь меттахIоттийра. Амма хьашт ма-дду экаме Iалашонаш яра цул тIаьхьа кхочушъян езарш – некъ карон безара меттигерчу бахархошца йолу юкъаметтигаш нийса дIахIитто. Вайн баккхийчу наха олу: «Собар оьшу юкъарчу гIуллакхна, цхьанна эшам, лазам боцуш ца хуьлу иза». И бакъдерг ду тахана тIеман шерашкахь Тусхара юрт йохийна дIашарйинчу меттехь дозанан гIап «Тусхарой» йиллар. Шайн са дадийна кхузара дIабаханчу юьртахошна юрт меттахIотто меттиг цахиларал сов, шайн дайх дисинчу латта тIе я кешнашка богIуш а дозанан раж бахьана долуш цхьацца дуьхьалонаш хуьлу царна. Кхеташ ду, церан мохк пачхьалкхан дозанан декъа юккъе бахар, ткъа ишттачу меттехь шайн низам а, къепе а хуьлу. Вай дуьненаюкъарчу терроризмах кIелхьардовлар а девзаш, цхьацца болу цатемаш дIа а теттина, маршонан а, кхуьучу вайн республикин а хама беш даха дезар а, нагахь цакхетам болчу меттехь шаьш накъостий хила кийча хилар а шайн бахархошца хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь дуккхазза а дуьйцу Парламентан депутата, тIеман шерашкахь Итон-Кхаьллан комендант хиллачу Радван Алексейс а, районан администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата а, районан Чоьхьарчу гIуллакхийн отделан хьаькама Цабаев Ризвана а, дозанхойн хьаькама Панченко Николайс а. Цундела меттигерчу бахархошца дика юкъаметтигаш кхоллаелла дозанхойн.
Карарчу хенахь Итон-Кхаьллан а, Шаройн а районашкахь ю меттигерчу бахархойн лаамца кхоллаелла (добровольные-народные дружины) ши тоба. Дозанан Урхалло гIо-накъосталла до (шефство) Хьачарарчу юкъардешаран школина. Кхеран доттагIаллин уьйраш кхоллаелла Итон-Кхаьлларчу юкъардешаран школерчу «Ламанхой» тIеман-патриотически клубаца. Дозанхой юьстах ца буьсу районерчу спортивни дахарна а. Кест-кеста футболах ловзуш, доттагIаллин матчаш дIахьо Итон-Кхаьлларчу футболан майданахь. Дозанхоша билгалдоккхуш ма-хиллара, тоьлларш муьлххарш хилахь а, коьртаниг доттагIалла лору.
Дозанхойн куьйгалло баркаллин дешнашца дагалоцу Итон-Кхаьллан районан администрацин куьйгалхой: «Бахархошца йолчу юкъаметтигашкахь тхан тешаме накъостий а, хьекъале талмажаш а бу уьш», – боху цара.
Ала деза, дозанан гIопехь хуьлучу керлачунна юьстах ца буьсу администрацин куьйгалхой. Цунна масал ду карарчу беттан 16-чу дийнахь «Тусхарой» гIопехь (застава) дIадаьхьначу Иэсан а, лазаман а дийнахь дакъалацар а.
Билгалдаккха деза, Россин Дозанан Федеральни кхерамазаллин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин истори кхузара йолалуш хилар а, дозанхойн дуьххьарлера десант кхузахь кхоьллина хилар а.
Цу дийнахь кхузахь схьабиллира Россин Федерацин цхьаалла а, цуьнан доза чIагIдарехь шайн дахарш ца кхоийначу дозанхошна-бIаьхошна лерина хIоллам. Цига баьхкира Россин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан Нохчийн Республикехь волу Федеральникоьрта инспектор инарла-лейтенант Афонин Владимир а, Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Юсупов СаьIид а, Итон-Кхаьллан муниципальни районан депутатийн Советан председатель Зулаев Хьамид а, Тусхаройн юьртан администрацин куьйгалхо Махашев Уматхан а, иштта алссам хьеший а. Даздаран хьолехь хIоллам схьабоьллучу кхайкхинера кхузахь кхелхинчу дозанхойн дай-наной а, гергарнаш а.
Гулбеллачарна хьалха къамелаш диначара билгалдаьккхира, Россин доза лардеш шайн дахарш ца кхоийначу дозанхойн цIерш тIаьхьарчу тIаьхьенашна а йовза, шагатIулган агIонаш аьгначу йозанца юьсург хилар а, церан сий эзар шерашкахь дехарг хилар а. Доккха баркалла элира иштта доьналла долу кIентий кхиийначу дайшна-наношна.
– Тхан урхаллин хIора а бIаьхо шайн вежарийн-дозанхойн турпалаллех, церан дахарх масал оьцуш а, шайх дозалла дан а, шайга ларам хила хьакъ болуш а бу, – элира Дозанан урхаллин хьаькама Панченко Николайс. – Амма тахана дикачарна юккъехь а диканиш билгалбаха луур ду. Цу тIедоьгIна сийлаллин грамоташ а, баркаллин кехаташ а, мехала совгIаташ а дира цо дозанхошна. Билгалдаьккхира, Дозанан Урхаллин шина декъанна кхелхинчу подполковникан Э.А.Ладыгинан а, майоран С.Н.Поповн а цIерш техкина хилар.
Цкъа а маргIал ца доьлхучу туя диттан дуьххьарлера синтарш дуьйгIира хьешаша Сийлаллин аллейхь, хIолламна хьалха зезагаш а дехкира.
Т.САРАЛИЕВА
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58