Веллеризмаш

«Айса-сайна, айса-сайна», – баьхна хIилла шех даханчу шайтIано.
***
«Ас нана бахарх, нана хуьлий хьох, ва чан мIараш?», – баьхна чайтаIо (чен кIорни) шен нене.
***
«Ахчанах Iехавала къен а вац со, хабарх Iехавала Iовдал а вац со», – аьлла базара кхаьчначу ламанхочо.
***
«Юкъалуьйш берш IадIийчахьана барт хилла бу-кх», – аьлла барт бан вигначо.
***
«Букъ дашо а хуьлда хьан, гена мел вели а, некъ дика а хуьлда хьан», – аьлла ша кIордавайтинчу хьеше хIусамдас.
***
«Велла вала со делаI, айхьа ца туху йолу шаьлта а яьккхина, айса туху болчу буйнах ваьккхи-кха ахь со», – аьлла гIаргIовгIанечу накъосте нохчичо.
***
«Говр дика ю», – аьлча, бIаьрзечо: «Ерстина хир ю иза», – аьлла.

Т.ДЖАМБЕКОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: