Кадыров Рамзан: Дала мукъ лахь, кхана догIуш долу де шайгахь дуй а хууш, кху дахаре нийса хьежам а болуш бераш кхиор ду вай

Соьлжа-ГIали юккъехь схьайиллина «ЖовхIар» берийн беш.

Даздаран хьолехь иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Правительствон Председатела Хучиев Муслима, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Закриев ИбрахIима, Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдеш волчу Хаджимурадов Iийсас, ткъа иштта, Iедалан кхечу векалша.

Даздаран гIуллакх дIа а долош къамел дира Нохчийчоьнан Правительствон школел хьалхарчу дешаран комитетан председатела Джунаидов Асланбека.

Цо дийцира берийн бошмаш а, берийн яслеш а ярехь республикехь долчу дикачу хьолах лаьцна.

А.Джунаидовс чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу 3 шарера 7 шаре кхаччалц долчу дерриге а берашна кхачо йина берийн бошмашца.

Берийн яслешца 3 шо кхаччалц долчу берашна кхачояр а герггарчу цхьана-шина шарахь чекхдоккхур ду.

«Денна бохург санна, вайн республикехь схьайоьллуш ю берийн бошмаш. И болх кхул тIаьхьа а бийр болуш бу. ХIунда аьлча вайн бераш дикачу хьелашкахь кхион дезаш ду. Дала мукъ лахь, кхана догIуш долу де шайгахь дуй а хууш, кху дахаре нийса хьежам а болу бераш кхиор ду вай. Кестта кхузахь керла школа а, дукхагIаьтнаш долу цIенош а долуш, исбаьхьа куп хир ю. Вайн бахархойн аьттонна социальни а, экономикин а бегIийла хьелаш ду республикехь кхуллуш. Цунна тоьшалла ду хIара берийн беш а», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа, ламасталлин цIен аса а хадийна, «ЖовхIар» берийн бешан директора Кадырова Хадижата хьешашна гайтира кхузахь берашна кхоьллина долу башха хьелаш.

ВЕГИЕВА Макка
№14, чиллин (февраль) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: