Хьашимийн Паччахьаллехь йолчу нохчийн межлисехь сацам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна «Нохчийн Къонахалла» орден яла, халкъан зовкхан дуьхьа цо шашен ца кхоош къахьегарна а, уьш миччахь Iаш белахь а, берриге а нохчийн хаддаза терго ярна а, церан бала кхачарна а.

ХIокху деношкахь Иорданерчу нохчийн тайпанийн Кхеташонан Коьртачу секретара Давлетмирзан Iусмана и совгIат дIаделира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iаьрбийн а, бусалбанийн а мехкашкахь волчу векале Даудов Туркога.
Нохчийн дерриге а халкъо боккха кхаъ хиларца тIеэцна шайн баьччина «Нохчийн Къонахалла» орден ялар.
Цунах хьакъ а долуш, дозалла до берриге а нохчаша.
№15, чиллин (февраль) беттан 25 де, 2020 шо