Россин Президентан тIедахкарш кхочушдарна – 3 миллиард гергга сом
Россин Федерацин Президента Путин Владимира хIокху шеран кхолламан (январь) баттахь Федеральни Гуламе динчу костехь билгалдина тIедахкарш кхочушдарна Нохчийн Республикина 2 миллиард 731 миллион сом ахча къастийна.
Дуьззина схьаэцча, къилбехь йолчу регионашна 35 миллиард сом ахча лур ду Федеральни Гуламе кхолламан (январь) баттахь Президента динчу костехь билгалдина декхарш кхочушдарна.
Уггаре а дукха ахча лур долчарна юкъахь ю Ростовн область (4,7 миллиард сом) а, Краснодаран край (4,4 миллиард сом) а, Дагестан (4 миллиард сом) а.
Ткъа уггаре а кIезиг ахча лур долчарна юкъахь ю Кхарачойн-Чергазийн Республика (1 миллиард сом), Къилбаседа ХIирийчоь (812 миллион сом), Ставрополан край (315 миллион сом).
Кхин а 4 миллиард сом ахча хьажор ду къилберчу регионашна. Иза субсидешна билгалдина ду, хьехархошна дала лерина ду и ахча, цара классашна куьйгалла дарна.
ХIора баттахь пхийтта эзар сом лур ду царна. Къилберчу 15 субъектех 8-нна бен лур дац берийн искусствон школашна модернизаци ярна лерина ахча.
ГIебартойн-Балкхаройчоьнна бен лур дац социальни контракт юкъаялон ахча. Цхьацца миллиард сом лур ду ГIалгIайчоьнна а, Адыгейна а социально-экономикин депрессех хьалхадовларна.
Старопромысловски кIоштана Висаитов Мовлидан цIе тилла тарло
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юкъадаьккхина Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштана Висаитов Мовлидан цIе тилла езаран хьокъехь долу гIуллакх.
«Соьлжа-ГIала еа кIоштах лаьтташ ю. Оцу цIераша советийн оьмар гойту: Октябрьски, Ленински, Заводской, Старопромысловски. Дукха хан ю Заводской кIоштана цIе елла йолу яккхий заводаш йоцу. ТIамо саьлнашка ерзийна уьш. Йоцуш ю Шира мехкадаьттан промыслаш а. Ткъа революцин баьчча а, ЦIен Октябрь а, цкъа а юхайогIур йоцуш, шерийн дахкарлахь къайлаяьлла. Хьалха, ас республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацина тIедиллинера, Iилманчаш а, юкъараллин гIуллакххой а юкъа озош, кIошташна керла цIераш тахкаран хьокъехь шайна хетарг кечдар. Тахана, даздаран хьолехь Заветы Ильича урамна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман Турпалхочун Алиев Вахин цIе туьллуш, ас элира Старопромысловски кIоштана Висаитов Мовлидан цIе тилла еза аьлла», – яздина республикин Куьйгалхочо.
Цо билгалдаьккхира гвардин подполковник, Советийн Союзан Турпалхо Висаитов Мовлид цIеяххана стаг хилар.
Цо куьйгалла дина дошлойн гвардин полкана. ТIемашца Сталинградера Эльба хи тIе кхаччалц дIавахана.
1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 2-чу дийнахь М.Висаитов Эльба хи йистехь союзан эскаршца цхьаьнакхетта.
Советийн командованин векалех дуьххьара инарла Боллинган куьг лаьцнарг Висаитов Мовлид ву. США-н Президента Трумэн Гаррис цунна совгIат дина «Легион чести» орденца.
«Висаитов кхузза хьалхатеттина хилла Турпалхочун цIе яла. Амма и цIе веллачул тIаьхьа бен ца елла цунна. Висаитов Мовлид нохчийн халкъан а, Россин а тоьллачу кIентех цхьаъ ву», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Политикин таIзарш бахьанехь эгнарш дагалецира
Нохчийчоьнан пачхьенехь чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьира политикин таIзарш бахьанехь эгнарш дагалацарна лерина митинг. 76 шо кхечи нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна таIзарш дина, уьш махках даьхна.
И къиза де дагалаца вовшахкхеттачарна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Iедалан кхиболу векалш.
Республикин Куьйгалхочо элира: «Адамийн оьмарехь хилла а яц дийнна халкъаш махках а дохуш, Сталина динчул къиза таIзарш дина меттиг. Цу тайпана таIзарш дина нохчашна, гIалгIашна, кхарачошна, балкхарошна, кхечарна. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь ахмиллион сов нохчи а, гIалгIа а, Сталинан омранца, махках а ваьккхина, Сибреха а, Юккъерчу Азе а дIахьажийра. Мацаллица, шелонца, Iедалан къизаллица вайн халкъ хIаллакдан сацам бина хилла Сталина. Халкъ хIаллакдина ца Iаш, цо омра дина хилла вайн халкъ истори юккъера дIадаккха, уьш шайн дайн махкахь Iийна хиларан лараш хIаллакье, аьлла…».
Иза дицдан а ца деза, дIадаханчун нийса маьIна дан Iама а деза бохура Р.Кадыровс.
Митинге баьхкинчара, къобалдеш, тIеийцира цо дина мехала къамел.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а гIоьнца хаамаш зорбане кечбинарг – Хь.САИДОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 25 де, 2020 шо