Шайх Мансур: «Нохчийчохь маршонан байракх ойъур ю ас»

Халкъан лазамо гIаттийна волчу Ушурмина тIаьхьа хIуьттуш берш де-дийне алсамбовлуш бара. Нохчийчуьра араваьлча, цунна сихха шен агIо лоцуш берш карабора гIумкашна, гIебартошна, Дагестанерчу дуккха а халкъашна юкъахь.

ХIетахь дуьйна Мансура дийца долийра паргIатонехьа болчу къийсамна Кавказера берриге а ламанхой цхьаьнатоха безаш хиларх лаьцна. Алдарчу бахархошка кхайкхамаш беш, цо дош делира йоццачу хенахь доккха эскар вовшахтоха.

Оцу эскарца орстхой, хIирий, гIалгIай болчу, юха ГIебартойчу ваха дагахь вара иза, цигара халкъаш бусалба дине, маршоне кхайкха. Цул тIаьхьа оьрсийн гIаланашна а, гIаьпнашна а дуьхьал тIом боло ойла йолуш а вара, Кавказе гIерташ болу «мунепакъаш» совцорхьама.

«И дан деза хан тIе ма кхеччи, – дуьйцура Шайх Мансура. Ас сайн машаран байракх ойъур ю Нохчийчохь, четар а дIахIоттор ду Нохчийчоьнан майданахь. И майда мел йоккха елахь а, цига тарлур дац со волчу деана эскар», – тешам кхуллура шена тIаьхьабаьзначаьргахь имама. – Оцу эскарх итт меттехь гIарол хIоттор ду ас, хIора гIаролехь итт эзар бIаьхо а волуш.

«Мансуран къамелаш дIаяздина хилла цахиларна ца кхаьчна вайга. Уьш халкъо барта Iалашдина, дайша шайн тIаьхьенашка дуьйцуш».

1735-чу шеран оханан (апрель) беттан цхьана дийнахь нохчийн баьччано герггарчу хьесапехь иштта къамел дина шена тIаьхьа хIиттинчаьрга: «Хьомсара махкахой! Нохчийн оьздачу халкъан дай а, кIентий а! Далла хууш а, гуш а ду вай кхузахь вовшахкхетта хилар. Вай вовшах хIунда кхетта а хаьа Цунна. Таханлерчу атта йоцчу заманчохь, вайна тIекхозабелла лаьтташ кхерам а болуш, шуьга, Везачу АллахIан цIарца кхайкхам бо ас вайн дайн мохк ларбан дIахIиттар доьхуш. Дала маьрша кхоьллина вай. И маршо, уггаре а еза хазна санна ларъеш, дайша тIаьхьенашка луш схьаеанера вайн… Вай вешан лаьтта тIехь Iан лууш ду, вайн дай а, церан дай а санна, вешан мохк а безаш, цуьнан сий а лардеш. Вешан лаьтта тIехула дай санна лела лууш ду вай, муьлххачу а минотехь, вайн цIа чу мостагI варна а ца кхоьруш. Цо вай дайарна а, вайн зударийн, йоIарийн сий дайарна а, вайн цIенош, маьждигаш дохорна а, эххар а, Дала вайна елла маршо дIа а яьккхина, вайх лай дарна а ца кхоьруш. Нагахь санна вай цхьаьна ца кхетахь, вешан дегнаш чуьра вон ойланаш дIа ца яхахь, Лекхачун лаамна тIе ца товжахь, халкъ долчуьра дIадевр ду вай. Дела а дIавоьрзур ву вайх. Вайн тIаьхьенаша а неIалт эр ду вайна. Вайн йиш яц мостагIчун кога кIел даха, хIунда аьлча, вайн пхенашкахь кхехкаш дерг маьршачу дайн цIий ду, кийрахь детталуш нохчийн дегала дегнаш ду. Нохчий маьрша халкъ ду. Машар безаш ду. Вайна тIом ца оьшу, нехан латтанаш, мехкаш ца оьшу. Дела ву-кх гуш, вай цкъа а, цхьана а халкъе а тIом ца хьебина, цкъа а лулахошца шу а ца къевсина. Дала вайна деллачух тоам беш даьхна вай, хIинца а деха, АллахIан къинхетамца, Цо деллачу Iадаташца а, ШариIатаца а. Вай даима хьашада везаш, цуьнца мотт, баьпкан тIаьххьара цастар доькхуш хилла. Амма вайга ца лало-кх вайн махка кхайкхаза баьхкинарш, вай дайа баьхкинарш, вайн динца, амалшца, синошца догIуш доцчу гIиллакхашца даха деза шу бохуш вай тIетеIор. АллахI воккха ву. Дерриге а цуьнан карахь ду. Цо гIо дийр ду вайна мостагIех маьршачу некъаца лардала. Нагахь санна мунепакъаша вайн коча тIом тасахь, вай иза тIеоьцур бу. ТIаккха вай гойтур ду вайна тIом бан хаьий а. Оцу тIамехь воьжнарг, АллахIан лаамца Ялсамане гIур ву. Со даима а ву тIом бан цалуучарах. Амма со сайн мохк а, сайн халкъ а ца лардича ца волу».

1785-чу шеран бекарг (март) беттан 8-чу дийнахь ГIизларарчу гIезалочо Iела-Солтас, Йоккхачу АтагIара юхавеача дийцина: «Ушурмас омра дина шена байракх а тега, гомукъ а е, аьлла. Цунна гонаха доккха гIарол ду. Алдара нах оьрсийн дозане богIучу некъаца дIахIиттина».

ШолгIачу дийнахь полковника Савельевс инарле Пеутлинге къайлах яздинчу рапортехь билгалдоккхура: «Селхана Соьлжал дехьа вовшахкхетта болу лаьмнийн тайп-тайпанчу ярташкара нах, бIе сов хир бара уьш, Теркал дехьа йолчу оьрсийн чIагIонашна тIелата ойла йолуш бара».

Оццу хенахь подполковника Матцена хаам бора шена хезначу хабаршца нохчий хIинц-хIинца йина яьллачу Владикавказ (Буру-ГIала) гIопана тIелата кечлуш бу бохуш. Иштта хаамаш ГIалгIайчуьра а, ХIирийчуьра а кхочура.

ХIора денца Ушурмин эскар чIагIлуш хилар гуш долчу Россин Iедало сацам бира иза сийсазвоккху долу эладитанаш даржо, питанаш лело.

Иштта, 1785-чу шеран бекарг (март) беттан 24-чу дийнахь Аксайрчу элашка а, мехкадайшка а дахьийтинчу кехата тIехь ГIизларарчу коменданта царна тIедожадо хIара эладита даржор: «Имам ву ша бохург туркой болчуьра къайлах сехьаваьлла шпион ву. Иза леррина адам карзахдаккха ваийтина, кхузахь паргIато а, синтем а, машар а ца хилийта. Алда юьртара халкъ оцу шпиона Iехийна, карзахдаьлла, Россина дуьхьалдаьлла…».

И эладитане кехаташ элашний, мехкадайшний цхьаъ хета тарлуш хиллехь а, халкъ тешар долуш дацара. Ушурмас мел боккхуш болу ког паччахьан Iедалан векалшка, чIагIонийн коменданташка буьйцуш, мотт бетташ дукха нах бара.

Иштта, Аксайрчу уздена Качалайс, шен кIантехула оьрсийн Iедале хаийтира оццу шеран бекарг (март) беттан 25-чу дийнахь: «Кхо де хьалха, шеца дуккха а ламанхой а болуш, Соьлжа хиний, БоргIанерчу довхачу хишний юккъехь долчу дукъе веара Имам, меттиге бIаьргтоха. Цигара юха Алда дIавахара».

Боккхачу тIеман юьхь герга хилар хаалуш дара. Цул тIаьхьа а хаамаш хилира Имам шен сацамехь чIагIвелла хиларан хьокъехь. И хаамаш Мансуран туьпера бина а бара.

ГIаттамхоша дечун терго е аьлла, Аксайрчу мехкадайша вахийтинчу Булатовга Алдарчу моллас хаам бинера Ушурмас ша волчу баьхкинчу ламанхошка оханан (апрель) баттахь меттахдовла кечдалар тIедиллина, аьлла.

Имама вовшахкхета йиллинарг Невраний, Макниний юккъера Джуаран тогIи хилар хоуьйтура цо. Аксайрчу эрмалочо Мосесов Семена ГIизларарчу коменданте Вишняковга яздинчу кехата тIехь бохура: «Хетарехь, дIадаханчу кIиранах шайхо кехаташ дахьийтина тайп-тайпанчу ярташка, мадарра аьлча, Аксай, Эндери, Таркхойчу, иштта тавлинашка, Дербентана юххехь Iаш болчу. Цо доьху хIокху беттан 15-чу дийнахь тIамна вовшахкхета новкъадовлар. Цкъа хьалха ГIизларна тIелата ойла йолуш ву иза. ГIизларна тIелатар доцург кхин ойла йолуш бац дагестанхой а. ХIора урамехь байракхаш йина, кхин а еш а ю. ГIумкийн мехкадайша, шаьш вайна муьтIахь ду бохуш яздахь а, муьтIахь хиларна гена бу уьш. Царах теша бахьана дац. Церан куьйга кIелахь берш шайн берриге а бахамаш дIабухкуш а, говраш оьцуш а, тIеман гIирсаш кечбеш а бу».

Россин агенташа Алдара бечу хаамашца, Мансура цхьана а денна сацош дацара ламанхошна юкъахь къамелаш дар. Цо кехаташ а, косташ а кхоьхьуьйтура Дагестанан а, ГIебартойн а лаьмнашкарчу мехкадайшка а, элашка а.

Цо уьш кхойкхура, шайн куьйга кIелахь болчаьрца цхьаьна, маршонехьа, паргIатонехьа къовса гIовттаре, гIалагIазкхийн станицашна а, россихойн чIагIонашна а тIелатаре.

Оцу кехатех цхьаъ ду хIара, оьрсийн матте а даьккхина, архивашкахь лардина долу: «Дерриге а тайпанашка, берриге а бусалбанашка, Малхбалехьара Малхбузе кхаччалц болчу Делах тешаш болчаьрга, массаьрга а! Дийнахь а, буьйсанна а, цкъа а Дала Шен къинхетамах ма дохийла шу! Бусалбанаш, дIахаалаш! Вайн тхьамданаш галбехира цIармата леларо, вахош долчу маларшка марзбаларо, томка ийзаро… Шаьш далале хьалха, дохко довла, дика хьехам дIаэца, Далла хастам а беш. Цо Ша а аьлла ма-хиллара, декъалахилла бу-кх дохко бевлларш, Делах тешаш берш, диканаш деш берш. Шуна гуш дац шайн латтанаш Делах тешаш боцучара дIалоьцуш? Оцу лаьтта тIехь лай хилар доцург дуьсуш хIума ма дац шуна. Делах кхерарца дуза шайн дегнаш. Шаьш мел динчу девнашна, весашна, шаьш мел аьллачу оьзда доцчу дашна гечдар деха. Шаьш аьшнаш винчуьнца нийсо еш хила. Иза къинтIера ваккха. Зуламхочунна а гечде, Делан дуьхьа. Далла тIедерза. Къинхетаме хила. Вай инкарло йира Сийлахь-Воккхачун бехкамашна. Цуо бохург диэ вай, Цуо хьарам динарг, Цуо цамагийнарг дита вай. Вешан латтанаш паргIатдахаран тIамна ваьш кечде вай. АллахIа аьлла, Делах ца тешачаьрца тIом биэ, цIуйш хIаллакбе… Къинхетаме хила. СагIанаш даха. Шайн бахамах кIеззиг дакъа Делан дуьхьа дечу гIуллакхна а луо. Делан гIуллакхна сагIина хIума луш верг, лаьтта дIабийча ворхI кан латочу кIен буьртигах тера ву. Ницкъ луш верг Лекхаволу АллахI ву. Дала толам ло Ша хасточарна, Шех дIахьаьвзинарш толамах дIахьовзабо».

Оцу кехаташа а, кхайкхамаша а ламанхошна боккха тIеIаткъам бора. Россин Iедал чIогIа сагатдеш дара, Ушурмин сий-ларам могIарерчу ламанхошна юкъахь лакхабаьлла ца Iаш, ткъа иштта, Кавказерчу мехкадайшна юкъахь а лакхаболуш хиларна.

Нохчийчохь гучуваьллачу Шайх Мансураца зIенаш а, уьйраш а хир яц аьлла уггаре а Iаткъамечу элашкара тешамна дош даккха гIоьртира Iедалан векалш.

1785-чу шеран хIутосург (май) беттан 11-чу дийнахь гIебартойн шийтта мехкадега а, уздене а, куьйгаш а таIадойтуш, мухIарш а тухуш, чIагIонаш яйтира ГIебартойчу пурстоп хьажийначу премьермайора Ураковс.

Цул сов, паччахьан Iедало чIагIйира Кавказан чIагIонийн зилера уггаре а мехала форпосташ а, гIаьпнаш а, къаьсттина Мансура ша тIелетар ву баьхнарш.

Гуттар чIогIа сагатдора Россин эскаран командованис ГIизларна, Владикавказана (Буру-ГIалина), Григориополисна.

ГIизларарчу гIопе сихонца схьаялийра Аштаркханера гIашсалтийн полк, доргалойн йиъ эскадрон, яккхийчу тоьпашца цхьаьна гренадерийн полк.

Цуьнца цхьаьна ГIизларахь а, Аштаркханехь а Iаш болу бусалбанаш карзахбаха Мансуре шен стаг цавахийтархьама омра динера ГIизлалара а, кхечу меттигашкара а леррина бакъо елларг бен Аштаркхане ма вахийта, аьлла.

Кавказан чIагIонийн зилан командованис тидамза ца дуьтура Мансур ламанхой бусалба динан буха тIехь цхьаьнатоха гIерташ хилар.

Цуьнца доьзна инарла-поручикан Потемкинан штабехь справка хIоттийра «Шайх Мансуран эскарехь маса бIаьхо хила тарло» бохучун хьесапаш деш. Динчу хьесапаша гайтира: «… гIумкаша 5 эзар стаг дIахIотто тарло, аксайхоша, топлинхоша, эндерихоша, лаьзгаша цхьаьний – 2 эзар, нохчаша – 4 эзар, гIебартоша – 8 эзар, Жима ГIебарта а тIетоьхча – 10 эзар стаг».

КIеззиг хьалха Россехь цхьанна а евзаш хилла йоцу Мансуран цIе хIинца дика евзаш яра Петарбухахь.

Оьрсийн дерриге а эскаран командующис, инарла-фельдмаршала, сийлахьчу элас Потемкин Григорий Александровича Кавказе кехат дохьуьйту: «Харц пайхамаран а, цо карзахдохучу халкъийн а хьокъехь юх-юха а кхачуш болу хаамаш бодане а, бух боцуш а белахь а, шайн тидам бар лоьхуш бу… оцо ламанхой карзахбаха а, ир-карахIитто а тарло. Омра де цхьадолу эскарш Соьлжа хинна юххе, гIаттамхойн коьрта туп йолчухьа тIеоза алий. Цу тайппана гIулч яккхарца царна тесначу кхерамо гIо дийр ду гIаттамхой дIасалахка…».

Иштта Потемкина тIедиллира лаьмнийн халкъашка прокламацеш яхьийтар. Царна тIехь яздора имамах ма теша, цунна тIаьхьа ма хIитта, бохуш.

Делахь а, оцо Iедална синтем беш тIаьхье ца лора, Мансуран гIолаьцначарна луьра таIзарш дийр ду бохуш дIахьедарш деш хиллехь а.

I.МУСАЕВ, профессор
№15, чиллин (февраль) беттан 25 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: