Iаматаш дешархой атта кхеташ хила еза

ХьастагIа, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран Байсултанов Идрисан цхьаьнакхетар хилира Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан директорца Умхаев Хьамзатаца.

Институтан Iилманан белхахойн болх, коьртачу декъана, вайн республикин школашкарчу дешархошна а, хьехархошна а лерина нохчийн меттан а, литературин а Iаматаш а, гIо-Iаматаш а вовшахтохарна а, заманан лехамашка хьаьжжина, уьш карлаяхарна а тIехьажийна бу.

Берана шен ненан мотт, жимачохь дуьйна, марзбеш, Iамо безаш бу. Ткъа оцу жоьпаллечу муьрехь мехала ду и бер школе кхачарца цунна дуьххьара евзар йолу Iамат иза кхетар а долуш, Iамо атта а хир йолуш куьцехь а, чулацаме, берийн амалш, чам хьесапе оьцуш, сатийсамаш кхочушбийр болуш вовшахтоьхна хилийтар. Iамат уггаре а хьалха кхета а, Iамо а атта хила езаш ю.

Цунна дара министра Байсултанов Идриса шен къамелехь коьрта тидам юьхьанцарчу классийн дешархошна леринчу нохчийн меттан а, литературин а Iаматашна тIехь сацор.

Iамат, кхачам боллуш, дика вовшахтохар хан оьшуш гIуллакх ду. Кхул тIаьхьа дуьйна Iаматаш зорбане яхар къобалдаран хьесапаш кхин хир ду.

Министра дийцарехь, уьш, цкъа делахь, зеделларг долчу экспертийн комиссин талламах чекхйохур ю. Iаматаш хIитторан а конкурсаш дIахьур ю. Iамат вовшахтоха бакъо ю говзанчийн тобанан я цхьана авторан.

Цхьаьнакхетар дерзош, Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам вовшахтохаран декъехь дIахьочу балхах лаьцна а дийцира.

Дошам вовшахтохарехь къахьоьгуш Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан Iилманчийн тоба а, нохчийн къоман журналистикин къаной а бу.

Кхана дахаран дукъ тIелаьцна дIахIитта безачу кегийрхошна шайн къоман мотт хаийта а, бийцийта а некъаш карон дезаш хилар чIагIдира цигахь.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№15, чиллин (февраль) беттан 25 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: