Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппарата Соьлжа-ГIалин юкъара дешаран учрежденийн а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, юкъараллин организацийн а векалшца, школийн психологашца «Бераш зуламечу хаамех лардар» аьлла йолчу темина семинар дIаяьхьира.
Семинаран коьрта Iалашо яра интернетех долучу зуламех бераш лардарехь юкъаралло а, Iедало а цхьаьна гIуллакхаш дийцаре дар.
Семинар дIахьош волчу Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран аппаратан ненан а, берийн а бакъонаш ларъяран декъан коьртачу говзанчас Хамидов Iелас билгалдаьккхира, и белхаш дIабахьа леррина программа кечъян езаш хилар.
– Карарчу хенахь интернет 1аткъаман ондда гIирс хилла дIахIоьттина. Цунах дуккха а пайда болу. Цунах дика накъост хуьлу белхахошна а, дешархошна а. Ткъа иштта зулам а долу цунах. Берашна оьшуш боцу хаамаш дукха хуьлу интернетан тайп-тайпанчу сайташ тIехь. Цундела мехала ду пайда болучу агIор иза лелор, – бохура цо.
Хьехархоша а, психологаша а билгалдаьккхира, дешархой зуламечу хаамех ларбарна лерина беш белхаш хилар. Делахь а дай-наноша башха тидаме а ца оьцу и гIуллакх. Школехь телефонаш лелор дихкина ду, ткъа компьютерш тIехь хIиттийна леррина программаш ю, цара бераш ца оьшучу интернет-ресурсех лардо.
Соьлжа-ГIалин №39 йолчу юкъардешаран школин директоран заместитела Абубакаров Асламбека дийцарехь, дай-наношкара гIо ца хилахь оцу гIуллакхан йист яккха атта хир дац.
– Интернетах самукъадолу берийн. Вевза-везарца, накъосташца къамелаш до социальни зIенашкахула, иштта дуккха а хан яйъа хIуманаш карадо. Интернет лелош бераш хийла ца оьшучу хIуманашна тIеIиттало, цара берийн кхиар кхечу хорша дерзо кхерам бу. Суна хетарехь, дай-наноша шайн берийн терго яр алсам даккхахьара мелла а гIоли хир дара, – бохура цо.
Семинаран дакъалацархойн сацам хилира белхаш берашца бина ца Iаш, церан дай-наношца а бан.
А.РУСЛАНОВ
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58