«Хуьлуш лаьтташехь бакъхила йиш яц аьлла хетара…»

«Вешина нускал далийна, той диъна довлаза дара оха хIусамаш юьтуш. Йоссийначу цIийнехь хьийза доьгIна ца хиллера тхан жимачу несана. Дахаран и шатайпа зовкхе киртиг, ирчачу хиламца цхьаьнаийра…», – долийра цIерадахарх лаьцна шен къамел дезткъе дейта шаре яьллачу бабас – Совдата. – Сан 18-гIа шо дара оцу хенахь. Дахар довзадеза йолаелла хан яра. ХIинца ойла йо ас, сан бераллин хан атта ца хилла, нохчаша дуккха а халонаш лайна, массо заманахь а, делахь а, ма хаза хан хилла-кх и – жималла. Адамана ирсе хила дукха хIума ма ца оьшу, ткъа вайн халкъана хIетте ца оьшура, паргIато бен…».

ХIокху шарахь охьенца кхин дIора ло догIуш Iа ца доьллехь а, Веданан лаьмнашкахь ло IаьнтIехь дIадаьлла а дац, ала мегар ду.

Баба йолчу боьду некъ басеш йолуш бара, цу тIе гIорийна а.

Охьа ца кхета гIерташ, шатайпа хелхар деш тIеяхара со и Iачу хIусаман ков-берте, ков-м доккха диллина дара, уьйтIахь дина ламазан цIа дара (Совдатан шолгIачу кIанта Абу-Салахьа).

Чоьхьа яьлча, цхьа шатайпа, тайна а, тийна а хийтира суна, йоккхастаг йолчу хIусамера беркат дара иза хаалуш.

Набарха яьлла хиллера иза оццу хенахь, суна елаелира схьагушшехь, цуьнан и тамехь цхьа ишар тоьира суна самукъадала а, и даг чу йижа а.

Жимачу, эгIазчу дегIехь яра баба, къахьегна хилар гуш, хено хабийна чкъор долу куьйгаш, кегий, дикаллех а, безамах а дуьззина бIаьргаш, деладелла юьхь-сибат (цундела хила мегара цуьнан юьхь дукха хебаршка яхана цахилар), иштта коьрта тиллина кIайн йовлакх а дара цуьнан.

Цуьнца чохь яра шен йоккхахйолу йоI Эсет, цо букъа тIехьа гIайбанаш дехкина гIовла хьалаайира, цул тIаьхьа, соьга тIекхайкхира…

Со, Мусаева (Баматгиреева) Совдат ю, сан цIийнах болу нах Веданан кIоштарчу ЦIе-Веданахь баьхна, бехаш бу, 1926-чу шарахь дуьнен тIе яьлла ю со, – жимма сацаелира баба. – ПаргIато хилла яц сан жималлехь, тхан Iер-дахар жимма тоделла, тхуна чу са деанчу хенахь, тхан да, «кулак» вина, дIавигира. 1940-чу шерашкахь ду иза. Казахстане хьажийна хиллий хиира тхуна тIаьхьа. И воцуш даха Iама дуьйладелира, иза дийна хилчахьана тоам бора. Кхин дуккха а яра и тайпа харцонаш, ткъа царах уггаре а къизаниг – дерриге а халкъ дохадар. Чиллин беттан 22-чу дийнахь дуьйна йолийра и ямарт операци. Божарий Iехийна дIагулбинера, циггахь дIа а лецнера, цул тIаьхьа, тхо кех дахар хала чекх ца даьккхира цара… 23-чу дийнахь, са ма хилла, «иностранни» яккхийчу машенаш тIе хьаладаха долийра тхо, дуьхьал ваьллачунна ницкъ бора. Юучух дукха хIума схьа ца оьцуьйтура, кхиерг – (чуьра хIуманаш) хIетте а. Тхайн мел долу даьхни дIа а хецна, церан Iодика а йина, ницкъкхаьчнарг схьа а эцна, хьалхадехира тхо салташа (тхан доьзал, цIийнах болу гергарнаш). Хуьлуш лаьтташехь, бакъхила йиш яц аьлла хетара. Муха доккхур ду дерриге а халкъ махках бохург дIа ца долура коьртера. ГIала дIакхаьчча, цхьа ледара йинчу цIерпоштан вагонашна тIе дехира тхо. Шийла яра арахь а, вагонаш чохь а, цундела баларш дукха хилира некъан бохалла, – дагалоьцура цо.

«ХIинца а йовха йолу хIусамаш, дохнан керташ, хьомсара уьйтIеш, кетIеш, урамаш, ярташ, кIошташ, эххар а, Даймохк битийтира», – 1944- чу шеран чиллин беттан 23-чу дийнан къаьхьалла хаалора Совдатан озехь.

Казахстанерчу Лениногорскан (авторера: Малхбале-Казахстанан агIорхьарчу Риддер шахьаран иштта цIе яра 1941–2002-чуй шерашкахь) кIоштахь Iан доьгIна хиллера тхо. Новкъахь цамгаро лаьцнера нана, де-дийне гIелъелла йогIура. Тхан лар лаьцна хиллера хьалххе дуьйна цига хьажийна хиллачу дас, дукха хан ялале, тхуна тIекхечира иза, оццу муьрехь нана дIаелира, дуьйжира даг тIера уггаре а экаме, хьоме зезаг…, – ойланаша дахарехь хиллачу уггаре а халачу хиламашна тIе яьхьнера Совдат.

Са а доIуш, дуьйцура бабас шаьш оцу муьрехь лайнарг а, нахехь хилларг а.

Дукха хан ялале, меттигерчу кIора боккхучу шахте балха яхара со (тхан да балха ваха йиш йолуш вацара, могашалла бахьана долуш). Болх хала бара, шортта ницкъ оьшуш а бара. ТIера духар хуьйций, бархI даьлча Iуьйранна чудуьссура тхо, юха тIедогIучу дийнахь Iуьйранна бархI даьлча хьала а довлура. Ира кIомсар тухуш кIора охьабоккхура, юха и гIудалкха тIе буттура, хьалабоккхучу метте дIа а хьой, муш тIе тесначу ной чу бухкура, цергаш бен кхин хIума къаьсташ а ца хуьлура тхан цу чохь долуш, чIогIа боьха а, хала а гIуллакх дара иза. Кхаа-деа шарахь бира ас цигахь болх… Нохчийн дахар, жим-жима долуш, аттачу, аьлча а, мацаллина баларш доцучу даьллера, къахьегар бахьана долуш, – дуьйцура бабас.

Цул тIаьхьа, Совдатан дахар хийцаделира, шен юьртахочун Мусаев Ахьмадан цIентIе яхана, доьзал болабелира церан.

ХIора а нохчичо даггара сатийсинарг – Даймахка цIа дерзар, эххар а, бакъхилла, тхаьш даьккхинарг мехаза дIа а духкуш, цIадирзира тхо а (дукхах болу нохчий, гIалгIай санна). ХIинца санна дагадогIу суна, Даймахка схьакхаьчча а, йинчу юьрта кхаччалц тоха са дацара, кийрара дог схьаэккхаш санна детталора, хазахетар, хилларш, белларш, дерриге а ийнера. Эххар а, ЦIе-Ведана кхечира, даг чохь мел хилларг дийцалур дац, сатийсамах дуьзна хилла дог ца Iабалора Даймахках, дукха хан яра цунах къаьстина яьккхинарг… ЦIахь Iер-дахар дIадоладелча кхин а халонаш тIеIиттаелира, массарна а шатайпа. Делахь а, шен цIахь хиларо синпаргIато лора…, – бохура Совдата.

Дерриге а дийца гIерташ кIадъеллера йоккхастаг.

Совдатан дахар хиламех, халонех дуьззина хилла, амма шегара цхьа а ледарло ца йолуьйтуш, «гIарчIъаьлла» чекхъяьлла иза, тIекхуьучу чкъурана масал хила хьакъ йолуш зуда ю Совдат.

Иштта, цуьнан хIусамда Мусаев Ахьмад Веданарчу нахана вевзаш, везаш, дика цIе йоккхуш, нахана пайдехь стаг хилла ву (1995-чу шарахь дIаваьлла иза), цуьнан доьзал бу: Абу-Бакар, Абу-Салахь, Абу-Султан, Эсет, Асет, Хьава (иштта кхечу нанас йина ши йиша а яра Марем, Манжаъ, хIинца йоцуш ю и шиъ).

Муьлхха а дика-вон тIехIоьттича юьртахошна накъосталла дан гIо карадо цаьргахь. Юьртанна а, махкана а пайдехь доьзал кхиийна Совдата, цундела дуккха а хуьлу цунна баркалла бохурш.

Совдат, боккха бахам болуш, ирсе стаг ю: цуьнан 6 бер ду, берийн бер – 30, берийн берийн бераш – 46, иштта берийн берийн берийн бер 5 ду.

Дукха халонаш лайна стаг дог чIагIделла а, нахаца шога хуьлу олу, иза иштта ца хилар гойту Совдата, иза догцIена, комаьрша эсала, муьлххачу а стагана цкъа гича гуттаренна а иэсехь юьсур йолуш ю.

Ирс ду иштта баккхий нах чохь болчу доьзалийн.

Хь.ДАУДОВА
Суьрта тIехь: Мусаева Совдат, цуьнан доьзалхой Абу-Бакар, Эсет

№15, чиллин (февраль) беттан 25 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: