Нохчийчоь: кхиаран анайисташ / 28.02.2020 шо

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо йоккха кхеташо дIаяьхьира

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу йоккхачу кхеташонехь дакъалоцуш бара кхочушдаран, законашдахаран Iедалан, бакъонашларъяран структурийн, динан урхаллин векалш.

Цигахь дийцаре дира республика экономикин а, социальни а кхиоран, кхерамазаллица а, юкъараллин къепенца а кхачояран, тIекхуьу тIаьхье ийманехь, оьзда, патриоталлехь кхетош-кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Республикин Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебахийтира туризман кластер кхиоран а, оцу декъехь нислучу чолхаллийн а гIуллакхашна.

«Правительствос кечйина туризм кхиоран регионан программа. Иза кхаа муьрехь кхочушйийр йолуш ю. Оцу прогараммица билгалдаьхна туризман инфраструктура а, сервис а керлачу тIегIане яккха таро лур йолу гIуллакхаш. Министерствоша а, ведомствоша а, гIалийн, кIоштийн администрацеша а, цхьаьна, бертахь болх бан беза программица билгалъяьхначу Iалашонашка кхачархьама…», – элира Р.Кадыровс.

«Ахьмад-Хьаьжин командин декъашхо хилар – иза доккха жоьпалла ду. Иза шен белхан говзанча хилла ца Iаш, пачхьалкхана а, халкъана а муьтIахь хила веза. Ас даима а лоьху шайн белхан декхарш кхочушдарна, бюджетан барамна тIехь сецна цаIар, керланиг Iамор, юкъадалор, лахар…», – бохура регионан Куьйгалхочо.

Бизнес-предприятеш алсамйовлуш ю

Россин регионашна юкъахь тоьллачу пхеаннах цхьаъ ю вайн республика керла бизнес-предприятеш схьаелларехь.

Оцу декъехь махкахь долчу хьолан мах хадош, хьесапаш дина FinExpertiza компанис. Цуьнан хьесапашца бизнеспредприятеш дIакъовлар хаало мехкан ерриге а бохург санна субъекташкахь.

Оцу юкъа ца йогIучу пхеа регионна юкъахь ю Нохчийн Республика а. ДIакъевлинчарал 154 предприятина алсам ю 2019-чу шарахь схьайиллинарш.

Нохчийчоьнан Правительствон Председатела Хучиев Муслима дийцарехь, инвестицийн шо ду аьлла дIакхайкхийна хиллачу 2018-чу шарахь а, оцу декъехь дика кхиамаш бара республикин.

Иза тоьллачу пхеа регионна юкъахь яра. Оцу шарахь бизнес-предприятеш 63-нна алсамъевлира.

«Оцу кхиамашка кхача таро елира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьекъалца дIаяьхьна политика бахьана долуш. ТIаьхьарчу шерашкахь бегIийла хьелаш кхоьллина бизнес лелорна. Иштта, 2019-чу шеран 9 баттахь йинчу инвестицийн барам 52,2 миллиард сом бара, 2018-чу шеран оццу муьрехь инвестицеш 40,8 миллиард соьмана йина хиллехь», – элира Правительствон Председатела.

Iалам лардаран болх кхин а тобийр бу

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министраца С-М.Темирхановца.

Цара дийцаре дира Iалам лардарца доьзна долу дуккха а гIуллакхаш. Леррина тидам тIебахийтира регионехь «Экологи» къоман проект кхочушъярна.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къаьсттинчу тергонехь латтош ду гонахара Iалам а, дийнаташ а, ораматаш а лардаран гIуллакхаш. Цуьнца доьзна республикин Правительствос а боккха тидам тIебохуьйту экологин проблемаш дIаяхарна, гонахара Iалам лардарна, дийнаташ, олхазарш, ораматаш Iалашъярна, кхиорна», – элира Правительствон Председатела.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре динчу гIуллакхийн жамIаш деш, М.Хучиевс министрана тIедиллира Iалам а, гонахара хьал а лардаран белхаш кхин а лерина дIабахьар.

Эха-Борзехь керла маьждиг дан долийна

Эна-Хишкан кIоштарчу Эха-Борзехь масех де хьалха даздаран хьолехь дIадолийра керлачу маьждигана бух боттар. И болх дIаболош лардана буха капсула йиллира. Цу хьокъехь хаам бира кIоштан администрацин куьйгалхочо Ханариков Мусас.

Цо билгалдаьккхира: «ХIора дийнахь бIаьрла хийцамаш хуьлуш бу республикехь Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш. Шен куц-кеп хуьйцуш ю вайн кIошт а. Школаш, больницаш йина, схьайиллина социальни керла объекташ, тойина хIусамаш. КIоштан берриге а бахархойн цIарах ас даггара баркалла боху регионан куьйгалхочунна вайн оццул лерина терго ярна».

Цул тIаьхьа, Iеламстаге доIа а дойтуш, маьждиган бух боттаран гIуллакх дIадолийра.

Билгалдаьккха деза хIара маьждиг а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан гIоьнца деш хилар.

ХIокху маьждигехь 1 200 стеган жамIатехь ламаз дан аьтто хир бу.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин гIоьнца хаамаш зорбане кечбинарг – Хь.САИДОВ
№16, чиллин (февраль) беттан 28 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: