Францехь «Безаман истори» гайтам хилира

Дуьненаюкъарчу «Русские сезоны» культурин проектан программица Францин пачхьенехь нохчийн къоман культурин суьйре дIаяьхьира.

Дуьненаюкъарчу культурин-дешаран «Firdaws» туьшо нохчийн зудчун духарш, Iадаташ, гIиллакхаш довзийтира. Туш кхоьллина 10 шо кхочуш хилар а билгалдаьккхира гайтамехь.

I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонин оркестро нохчийн мукъамашца йовзийтира модин «Firdaws» цIийнан кутюран керла коллекци.

«Firdaws» цIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата «Безаман истори» цIе тиллинера оцу гайтамна.

Гайтамна иштт а цIе тилла сан дог-ойла ир-карахIоттийнарг тхан нанна Кадырова Меднина совгIатана, тхан дас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн лаьмнийн баххьашкара деана седарг (эдельвейс) далар дара. ХIетахь кхоллаелира сан «Безаман истори» гайтам дIабахьа ойла. Суна лиира нохчаша зудчун сий деш хилар а, цуьнан дахар маьрша хилар а, культура ларъярехь цо йоккха меттиг дIалоцуш хилар а, декъалхила а, декъалъян а хьакъхилар а, дерриге а дуьненна дIахаийта. И сан ойла Iалашоне йирзира, ткъа иза кхочушъян масех шарахь къахьега дийзира. «Firdaws» цIийнан дизайнершца бертахь кхочушйира оха нохчийн зудчун хазалла, духарш, Iадаташ, гIиллакхаш довзийтаран Iалашо, – элира «Firdaws» цIийнан куьйгалхочо Кадырова Iайшата.

Гайтаме яьхна яра нохчийн къоман хотIехь а, бусалба дин лелочу кхечу къаьмнийн хотехь а кечйина, синкъерамехь юху кучамаш.

Бархатах, шипонах, дарих, французийн бойнах йина, дезачу тIулгашца кечйина яра уьш. Амма шайна тIехь хьовсархойн бIаьрг соцуш ерш нохчийн культура йовзуьйтуш, дашочу тайнашца баьхна нохчийн бустамаш болу а, доьхканаш дихкина а кучамаш яра.

Австрин а, Нидерландин а, Францин а, Чинин а, Кенин а, Германин а, Беларусин а, Россин а дуьненахь а бевзаш болу моделаш бара «Firdaws» цIийнан коллекци йовзуьйтуш.

Хьовсархойн могIаршкахь бара Россин а, СаIудийн Iаравин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а, Узбекистанан а, Палестинин а модин индустрин векалш.

Гайтаман дакъалацархойн «Firdaws»-н духаршна ойла тIеяхана хилар ца гойла дацара. Европин зударшна чIогIа хазахеттера Iайшатан кутюр.

Цхьаболчара билгалдоккхура гайтаме яьккхинчу коллекцина юкъара коч эца шайн лаам хилар. Модин индустрихь Iайшатан кутюран гайтам лаккхарчу тIегIанехь дIабаьхьна хиларан билгало яра иза.

Суьйрене баьхкинчу хьешийн нохчийн иллешца а, хелхаршца а самукъадоккхуш яра божарийн «Илли» вокалан тоба.

ВЕГИЕВА Макка
№16, чиллин (февраль) беттан 28 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: