Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Отделенехь дIадаьхьира граждански оборонехула цIе яйъаран-тактически Iамораш.
Билгалдина а ма-хиллара, Отделенин цхьана отделан кабинета чохь электрог1ирсехь цхьа «талхам хилар» бахьана долуш «цIе елира». Кабинета чохь чIогIа кIур хIоьттира, белхахойн дахарна кхерам кхоллабелира. ЦIе йойъу команда схьакхачале бахамаллин кхачояран отделан белхахоша арабехира Отделенин белхахой. ЦIе яйъаран юьхьанцарчу гIирсех пайда а оьцуш, «цIе яйъа» буьйлабелира уьш.
«Бохам хиллачу метте» кхаьчча, цIеяйъархой, ницкъаш а, гIирсаш а дIаса а нисбина, «цIе яйъа» буьйлабелира. ЦIе яйъаран кеп нийса харжар а, цIеяйъархоша Пенсионни фондан Отделенин белхахошца цхьаьна гIуллакхаш дар а бахьана долуш цIе сихха «дIаяйъира».
Отделенин куьйгалло билгалдаьккхина ма-хиллара, и Iамораш дIадахьаран Iалашо яра аварин-кIелхьарадахаран гIуллакхаш вовшахтохарехь а, цIе яйъарехь а цIе йойъучу дакъоша Отделенин белхахошца цхьаьна гIуллакхаш дар шардар. Отделенин ерриге а службаша а, белхахоша а нийса а, цхьабарт болуш а гIуллакхаш дира. Цара гайтира хила тарлучу чолхечу хьелашна шаьш кийча хилар. Билгалдеш ду хIокху шарахь Отделенехь кхин цхьа Iамораш дIадахьар.
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Отделенин пресс-служба
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58