Вайн къоман историх дукха къиза дагалецамаш бу. Вай санна халонаш а, баланаш а лайна цхьа а халкъ хир дац. Вайн халкъана тIебеана уггаре а хала мур 1944-чу шарахь хилла хилар цхьамма а шеконе дуьллуш дацахь а, вай дохийна махках даьхна (суьргин дарх) таIзар дарх лаьцна тIаьххьалц дуьйцуш дацара.

1901-чу шарахь шайн дин Iалашдан Даймахкара пана мехкашка дIабаханчу нохчашка, кхано, тIаьхьа бен хабар ца кхечира шайн халкъана тIехь, шайн махкахь хIоттийначу къематдийнах лаьцна.
Цу хенахь дуьйна, хIора шарахь, чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Урдунерчу нохчаша, и де дагалоцуш, гуллой, Къуръан доьшуш, бохийначохь кхелхинчарна Деле ялсамани йоьхуш, доIанаш дора.
Урдунан Iедалехь вай дохийна де дагалаца цхьа а официальни тIелаьцна низам цахилар бахьанехь, нохчаша шайн-шайн юкъараллашкахь лелайора и жигаралла.
Амма кху шарахь и де дагалацар официальни тIегIане даьккхира нохчийн цIарах волчу Урдунан парламентан векала, хьехаран Iилманийн кандидата Шишани Набил Камела.
ХIокху беттан 23-чу дийнахь, Урдунан парламентан кхеташонехь, Шишанис официальни билгалдаьккхира хIара де нохчашна тIехь геноцид йина де хилар. Берриге а депутаташа, дегI нисдеш, хьалагIевттина, бохийначохь кхелхинчу нохчашна доIа а деш, «Фатихьа» а дийшира.
«Юьхьанца, хIара хIун де ду билгалдаккха лаьа суна. Лараме парламентан кхеташо, тахана, чиллин 23-гIа де, нохчийн халкъ дохийна де ду. 1944-чу шеран кху дийнахь 260 эзар нохчийн стаг а, зуда а, бер а делла цIерпоштан вагонаш чохь шийлачу махка бохийна дIабохуьйтуш. Цигахь кхелхинарш дага а лоцуш, царна тIера «Фатихьа» а доьшуш, доIа дийр ду вай», – аьлла, депутаташка доIа дайта, царна баркалла а олуш, хьалагIаьттира Шишани.
Цу тайпа официальни кхайкхам дуьххьара хуьлуш хила мега, Урдунерчу парламентехь хьовха, дерриге а дуьнен тIехь а.
Дала сий дойла хьан, Шишани Набил!
БАКИР I-Хьамийд
№16, чиллин (февраль) беттан 28 де, 2020 шо