Нохчийчоь: кхиаран анайисташ / 06.03.2020 шо

Iедалан тIегIанехь дийцаре дина

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Россин могашаллаIалашъяран министраца Мурашко Михаилца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан.

Цигахь дийцаре дира ТIехьа-МартантIехь кIоштан коьрта больница яран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цуьнца цхьаьна къамел хилира «Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран юьхьанцарчу звенона модернизаци яр» регионан программин проектан хьокъехь.

Хучиев Муслима билгалдаьккхира тахана ТIехьа-МартантIехь йолу кIоштан коьрта больница дIадаханчу бIешеран 40-чу шерашкахь йина хилар а, иза хIокху заманан лехамашна жоп луш цахилар а.

Керла гIишло яро таро лур ю кIоштарчу бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккха. Ткъа хIокху кIоштахь 90 эзар сов вахархо ву.

Россин могашаллаIалашъяран министра тIелецира дийцаре динчу дерриге а гIуллакхашкахула хьокъала боллу сацамаш тIеэца а, ТIехьа-МартантIехь кIоштан керла больница яран гIуллакх сихдан а.

Каде гIуллакхаш даран штаб кхоьллина Правительствехь

Чинехь юкъадаьлла коронавирусан ун дерриге а дуьненахь даржа доладелла хиларца доьзна Нохчийчоьнан Правительствехь вовшахтоьхна каде гIуллакхаш даран штаб. Оцу штабехь болх беш бу могашаллаIалашъяран ведомствон тоьлла говзанчаш.

«Каде гIуллакхаш даран штабо шен лерринчу тергонехь латтош ду хьал. Цкъачунна хаавелла вац и цамгар хьакхаелла стаг. Сагатдан оьшуш хIума дац», – хаам бина Роспотребнадзорехь.

Вайн республике богIуш болчу нехан могашалла талларан болх дика дIахIоттийна бу. Къаьсттина Соьлжа-ГIаларчу «Северный» аэропортехь чIагIдина санитарин-карантинан тергояр. Цигахула цхьа а стаг дIаса ца волуьйту леррина таллам бинчул тIаьхьа бен.

Республикин могашаллаIалашъяран министерствехь чIагIдира Нохчийчохь коронавирус цамгар йолуш цхьа а стаг цахилар а, лоьраш оцу цамгарна дуьхьало ян кийча хилар а.

Некъан-транспортан бохамаш хилар лахделла

ДIадаханчу шеран жамIаша гайтина оцу шарахь вайн республикехь некъан-транспортан бохамаш дикка лахбелла хилар. Оцу декъехь Россехь а тоьлла гайтамаш бу Нохчийчоьнан.

100 эзар автотранспортах некъан-транспортан бохамехь нисъелларг 76 машен бен яц. ШолгIачу меттехь Чукотски автономни округ ю. Цигахь 100 эзар машенах некъантранспортан бохамехь нисъелларг 139 машен ю.

Дуьззина схьаэцча, 2019-чу шарахь Россехь 164 эзар сов некъан-транспортан бохам хилла. Иза цул хьалхарчу шарахь хиллачул 2,2 процентана кIезиг хуьлу. Оцу бохамашкахь кхелхинчеран барам 6,8 процентана лахбелла, ткъа лазийначеран барам – 1,9 процентана.

Нохчийчоьнан некъашкахь бохамаш хилар лахдаларан коьрта бахьана ду республикин куьйгалло а, ГИБДД-н белхахоша а некъан боламан бакъенаш ларъяйтарна тIехь хаддаза сема терго латтош хилар.

Туристашна аьхна хьелаш хилийта деза

Соьлжа-ГIалин мэран декхарш ханна кхочушдеш волчу Хаджимурадов Iийсас шен заместительца Очаров Шемалца дийцаре дира Нохчийчоьнан пачхьенехь туризм кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.

ГIалахь туристашна бегIийла а, аьхна а хьелаш хилийта дезаш хилар билгалдаьккхира I.Хаджимурадовс.

Цо шен заместительна тIедиллира туристашна езаелла, хьешаша хоржуш йолу меттигаш цIена а, хаза а, куьцехь а хилийтар.

«Дозанал арахьара туристаш алсамбовлуш хиларца доьзна юкъараллин кхачанан предприятешкахь меню ингалсан маттахь хилийта а еза, церан хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккха а еза», – бохура гIалин хьаькама.

Цуьнан тIедиллар кхочуш а деш, хIинцале а дIадолийна туристийн ойла лаьтташ йолу меттигаш хазъяр, куьце ялор, кхидолу гIуллакхаш кхочушдар.

Хь.САЙДАЕВ
№18, бекарг (март) беттан 6 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: