Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Палестинин Президентан хьехамчица, Палестинин Лаккхарчу суьдхочуьнца Махьмуд Аль-Хьабашца. Цу хьокъехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо хаам бина соцсетехь йолчу шен агIонехь.

«Иза Нохчийн Республике веана официальни делегацина коьртехь. Тхан чулацаме а, мехала а къамел хилира. Вовшашка оха хаийтира экономикин, культурин, динан дакъошкахь йолу зIенаш чIагIян лууш хилар а, Палестинин а, Россин субъект йолчу Нохчийн Республикин а юкъаметтигаш чIагIъяларе хьашт долуш хилар а. Ша аьлча, билгалдеш ду динан туризман хьокъехь вовшашца барт бар. Оцу бартан гурашкахь аьтто хир бу Палестина махкарчу езачу меттигашка кест-кеста зерате даха», – яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Иштта цо билгалдаьккхира ша «БIешеран барт» емалбеш хилар, хIунда аьлча, цо кIоршаме талхайо дуьненаюкъара бакъонаш, иза бусалбанийн дерриге а дуьненна дуьхьал зулам ду.
«Суна а, Махьмуд Аль-Хьабашна а хетарехь, бусалба пачхьалкхашкахь къийсамаш бахар а, баржор а малхбузерчу мехкаша дакъа а лоцуш дIахьош ду. Цхьайолчу бусалба пачхьалкхийн халкъийн а, баьччанийн а цхьаалла цахиларо аьтто бо Герггарчу малхбалехь чолхе хьал латто. Махьмуд Аль-Хьабаша хаийтира Палестинехь «Нохчийчоь» цIе йолу маьждиг дан шаьш ойла йолуш хилар. Цу тIе тухур ю Палестинин а, Нохчийчоьнан а байракхаш. Вайн халкъашна юкъахь цхьаалла а, вежаралла а хилар гойтур ду цо. Ас цуьнга дийхира Палестинин Куьйгалхочуьнга Махьмуд Iаббасе Нохчийн Республике вола бохура алар а, иза Росси веача, ткъа иштта баркалла алар а – сан хьомсарчу нанна Несин Айманина «Мукъаддасан Седа» орденца совгIат дарна», – яздина Кадыров Рамзана.
А.АНАДЕВ
№18, бекарг (март) беттан 6 де, 2020 шо