Къоман мотт къоман са дуй хуучу куьйгалхойх цхьаъ ву Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байсултанов Идрис.

Министран дарже кхачале а, ша хьалха хиллачу даржашкахь а, цо даима тидамехь латтош дара нохчийн меттан хьал.
Вайн кегийрхой, кхана къоман юьхь хилла, дахаран урх караэцна дIахIитта безарш, шайн къоман мотт хууш а, гIиллакх девзаш а кхиорхьама, царна нохчийн мотт Iамо а, иза кхион а, Iалашбайта а дина цIена нийят а, йоккха Iалашо а хила еза. ТIаккха хир бу нохчийн мотт кхиорехь баккхий кхиамаш.
Школашкахь дешархоша пайдаоьцучу Iаматийн чулацамна тIера, хьехархочун хаарийн а, нохчийн меттан кабинетан куьцан а биста кхаччалц долу дерриге а, кхачам боллуш дика хила дезарх кхеташ ву министр.
Ларамаза дацара хIокху деношкахь Байсултанов Идрис Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан коллективаца цхьаьнакхетар а.
Цигахь Институтан директорца Умхаев Хьамзатаца дийцаре дира институтан Iилманан-талламан лабораторешна хьалха лаьтта декхарш а, Iалашонаш а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна гIоьнна лерина практикин семинараш дIаяхьаран а, юкъаралло нохчийн маттах пайдаэцар алсамдаккхарх а доьзна долу цхьамогIа гIуллакхаш а.
Царна юкъахь дара оханан (апрель) баттахь Нохчийн меттан де билгалдаккхаран даздарш тIекхачале кхочушдина хила дезарш а.
Школашкахь пайдаоьцучу керлачу Iаматех пайдаэцар совдаккхархьама хьехархошна лерина семинараш-практикумаш вовшахтохарх а, ткъа иштта Пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечамаш барх а, регионан талламан белхаш кхочушбайтарх а лаьцна дийцира И.Байсултановс.
Республикехь нохчийн маттаца доьзна дIахьочу балхах а, Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан балхах дерг мухалле а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь (зорбанан а, интернетан а сеташкахь) довзийтар кхин а жигарадаккха деза бохура цо.
Байсултанов Идриса дийцарехь, министерствон куьйгалло тидаме оьцур ду республикина нохчийн меттан а, литературин а хьехархой кечбаран гIуллакх.
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархой шаьш дIахьочу дарсашкахь керлачу технологин гIирсех беркат эца Iамийна хила беза, белхан эвсаралла алсамхилар гойтур ду оцу агIоно.
«Кхузаманан хьехархо шен хаарш хаддаза тIедузуш волуш, технологин таронех пайдаэца а хууш, кхоллараллин агIор шен хьежам а, лехам а болуш, заманца цхьаьнавогIуш, сема хила везаш ву», – билгалдаьккхира министра.
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн говзалла лакхаяккхаран курсаш оьшуш хиларх а, юьхьанцарчу а, лакхарчу а классийн Iаматашца болх барна лерина практикин семинараш дIаяхьа езаш хиларх лаьцна а дийцира.
Нохчийн мотт а, истори а кхиоран институтан талламан а, кхоллараллин а болх кхин а эвсаре хилийта шегара оьшуш долу гIо-накъосталла хирг хиларх тешийра И.Байсултановс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№18, бекарг (март) беттан 6 де, 2020 шо