Республикера берийн больница Россехь а тоьллачех цхьаъ ю

Е.П.Глинкин цIарах йолу берийн клиникин республикин больница Россин медицинин организацешна юкъахь «Педиатрин профилан 2019-чу шеран медицинин организаци» номинацехула хьалхарчу меттехь ю. И хаам бина Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана.

Конкурсан жамIаш хиъна Россин педиатрийн ХХII-гIа конгресс схьайиллича.

Больницина оьшуш йолу оргтехника эца бакъо луш долу сертификат а, совгIат а схьаийцира Э.Сулеймановс а, Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин коьртачу лоьро К.Межидовс а. Россин Федерацера берийн клиникаш а яра конкурсехь дакъалоцуш.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Э.Сулеймановс конгрессан дакъалацархошка маршалла хаьттинчул тIаьхьа баркалла элира Нохчийн Республикин берийн больницин белхан лаккхара мах хадорна.

«Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин толам хилла ца Iаш, вайн республикин могашаллаIалашъяран ерриге хьаьрмин а боккха кхиам бу Россехь а хьалхара меттиг яккхар. Федеральни тIегIанехь вай билгалдахар, толам баккхар – иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана могашаллаIалашъяран хьаьрма кхиорна тIехь тидам латтош хилар ду. Республикин МогашаллаIалашъяран шеран кхиам лара догIу хIара рогIера толам», – яздина Э.Сулеймановс Инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

Россин педиатрин конгрессехь дакъалоцуш бара гIарабевлла Iилманчаш, педиатрин хьаьрмин тоьлла говзанчаш, лоьраш, хьехархой, медицинин ВУЗ-н студенташ.

Нохчийн Республикерчу делегацин декъашхошна юкъахь берийн хирургаш, педиатраш, нефрологаш, кардиологаш бара.

Кхузаманан педиатрин проблемех а, уьш дIаяхаран некъех а лаьцна дийцира конгрессехь.

Лоьрашна шайна зеделларг вовшашна довзийта, тоьллачу лоьрашца гергарлонаш таса дика майда яра конгресс.

З.ХИЗИРОВА
№18, бекарг (март) беттан 6 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: