Студенташна, аспиранташна, къоначу хьехархошна лерина йолчу IT-проектийн конкурсан финал хилира Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь. 2015-чу шеран март бутт болабелча дIакхайкхийна яра конкурс. Иза вовшахтоьхнера «ABBYY», «КомпАс» компанеша Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствон а, мехкадаьттан университетан а гIоьнца.
Хаамийн технологийн а, тобанехь болх баран (цхьаьна проект кхолларан) культурин а декъехь дешар кхиоран Iалашонца вовшахтоьхна яра билгалъяьккхина конкурс. 4-6 стагах лаьттачу тобанашна лерина яра иза. Шина баттахь эха баттахь дIабаьхьира проекташ тIехь болх. ХIора а тобанехь «ABBYY» компани юкъара цхьацца хьехамча вара. Берриге дакъалацархой хIора дийнахь «Skype» чухула «цхьаьнакхетара» шайн хьехамчица, цу кепара проектан белхан хьокъехь вовшех дагадовла йиш хуьлура церан. Эххар, конкурсан вовшахтоьхначеран жюрис бIаьрг тоьхначул тIаьхьа, студентийн 4 тоба финале елира.
Финалехь, «ABBYY», «КомпАс» компанийн говзанчашна а, хьовсархошна а хьалха шайн проекташ гайтира дакъалацархоша. Церан проекташка хьожуш, конкурсан финалана леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министран заместитель Месербиев Садо, «КомпАс» компанин коьрта директор Хамзатов Расул, белхан меттигийн г1уллакхашкахула волу цуьнан заместитель Очеретный Андрей, «ABBYY» компанин коьртачу директоран заместитель Манылов Владимир, «MONT» компанин коьрта директор Королева Светлана, кхиберш.
«Тхаьш болх дIаболийчахьана дуьйна дуьненаюкъарчу тIегIанехь цхьаьнакъахьегаре кхаьчна тхо. Тхешан кегийрхошка дешийта а, уьш т1екхиийта а, тхайн республикина хьакъ ма-дду цаьрга векалалла дайта а лаьа тхуна», – элира Хамзатов Расула, цхьаьнакхетар долош. Месербиев Садос билгалдаьккхира, IT-технологеша кхузаманан юкъараллехь доккха маьIна лелош хилар а, нохчийн кегийрхоша тайп-тайпанчу IT-конкурсашкахь (дозанал арахьа) дакъалоцуш хилар а. Цул т1аьхьа студенташа проекташ йовзийтар дIадаьхьира.
Чупанов Ислама а, цуьнан тобано а «Гид по ЧР» цIе йолу проект кхоьллинера. «Туристана – тоьлла гIоьнча» аьлла йолу проектан шолгIа цIе эрна тиллина яцара. «Гид по ЧР» сайта тIехь Нохчийчу кхача лууш волчунна мел оьшург, хаа мел луург ду. Масала, Нохчийчоьнан сийлаллин меттигийн карта, оццу меттигийн суьрташ, исбаьхьа яьхна видеороликаш, цул сов, панорамин кепехь даьхна суьрташ (цаьрга хьоьжучу хенахь, баккъал суьрта тIерачу меттиге хьуо кхаьчча санна хета, хIунда аьлча и сурт дIаса хьовзийча, гуонаха дерг а ган йиш ю) а ду цу тIехь. Иштта, Нохчийчохь хьешийн муьлха цIенош ду, цигахь хIун хьелаш ду, кхузахь хенан хIоттам муха бу, кхин дуккха а хIума довза йиш ю. Нагахь, оьшург сайта тIехь ца карийнехь, иза лелош волчуьнга интернет чухула хаттар дан а тарло. Муьлххачу а хаттарна автора сихонца жоп лур ду.
Дашаев Мохьмада а, цуьнан тобано а компьютер «вовшахтаса» Iамош йолу «PCAS» программа кхоьллина. Школехь информатикин урокехь а пайдехь хир ю иза, цул сов, Iемаш волчу программистана а оьшур ю. Лело атта хилийтархьама, кегийрхошна юкъахь даьржина долчу компьютеран ловзаран кепехь кхоьллина ю «PCAS» программа. Компьютера чу яьккхинчул тIаьхьа, программо экрана тIехь ша дIаяздо кхидIа хIун дан деза, компьютер муха «вовшахтаса» еза. Ахь нийса ца динарг а схьагойту цо. Дашаев Мохьмада шен юьртарчу (Оьрза-ГIаларчу) шина школехь юкъаяьккхина и программа. Цигарчу информатикин хьехархоша проект пайдехь хилар билгалдоккхуш къамелаш до (видео тIехь).
Алиев Мохьмада шен тобанца кхоьллинарг «Hi-Tech протезировани» аьлла проект яра. Иза, заьIапхошна лерина хиларна, кхечу проектел а мехала лара мегар ду. Меже йоцучара таханлерчу дийнахь лелош йолу протезаш механа еза а ю (20 000 сом, кхин лакхара а), уьш еш дукха хан а йолу. Ткъа мехкадаьттан университетан студенташа йовзийтинчу программица кхузаманан протезаш ян таро ю. 3D-сканерца стеган меженан (йоцучу а, лазийначу а меженан) сурт даьккхинчул тIаьхьа, цунна муьлха протез гIоле хир ю, иза муьлхачу гIирсех ян еза гойту программо. КхидIа 3D-принтер тIехь оьшшу протез йо. Оцу балхана мел дукха а 24 сахьт бен ца оьшу, ткъа протезан мах бIе туьманал дукха тIех ца болу. КхидIа цу тIехь болх бича, могашалла Iалашъярехь вуно пайдехь хир йолуш проект ю иза.
4-гIа проект кхоьллинера университетан 1-чу курсан студента Альсултанов Ислама а, цуьнан тобано а. Иза студенташна лерина «Баллийн терго яр» цIе йолу телефонан гIирс бара. Билгалъяьккхина программа шен телефона чу яьккхинчул тIаьхьа, цу чохь шен цIарах интернет-агIо а кхоьллина, университетехь шен муьлхачу предметана маса балл ю а, цIахь бан безарг хIун болх бу а хаа йиш ю студентан.
Проекташ йовзийтинчул тIаьхьа финалисташна мехала совгIаташ делира. Цул сов, конкурсан финале кхаьчначу тобанашна юкъара тоьлла кхо дакъалацархо билгалваьккхира IT-говзанчаша. Хашаев Шемална а, Махмудов Iайндина а, Усманов Муслимна а «ABBYY» компанехь аьхкенан стажировка ян бакъо елира (конкурсан коьрта совгIат).
А.МУСАЕВА
Авторан сурт
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо