НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу зударийн дуьненаюкъарчу денца – бекарг (март) беттан 8-чу денца!

Муьлххачу а юкъараллехь аш лелош долчу маьIнин мах хадийна а вер вац. Вайн цIеношкахь аьхналла а, токхо а кхуллу аш, берашкахь дикаллин, къинхетаман, вовшашца тарлуш, мегаш хиларан ойла кхиайо, шайн дине, Даймахке, культуре марзо, безам кхуллу, уьш гIиллакх-оьздангаллина Iамадо.

Зударша иштта мехала хазна юкъаюьллу мохк социально-экономикин кхиорна, жигара дакъалоцу цуьнан юкъараллин-политикин дахарехь.

Ас доккхачу дозаллица дуьйцу нохчийн зударийн хьокъехь. Бала-гIайгIанаш дукха лайначу халкъана тIехIиттинчу бохамех доьналлица а, турпалаллица а чекхбевлла уьш.

Вайн наной, йижарий, йоIарий, зударий даима а хилла вайна уггаре а кхераме даьхкинчу деношкахь тешаме гIортораш а, синтем а.

Даккхий хьуьнарш гайтина Нохчийчоьнан зударша республикин инфраструктура меттахIотторехь, экономика а, социальни дакъа а когахIотторехь, бIешерийн зилехь къиза хиламаш хиллачул тIаьхьа, юкъараллехь цхьаалла а, барт а хилийтарехь.

Суна билгалдаккха а хазахета Нохчийн Республикехь зударий Iедалан ерриге а органашкахь къахьоьгуш хилар, бизнес лелош хилар, Iилманан а, кхоллараллин а белхаш беш хилар. Шайн таронех пайдаэца баккхий аьттонаш бу церан.

Хьомсара зударий! Даггара лаьа шун доьзалшкахь барт, беркат, ирс лаьттийла, стигал маьрша хуьлийла, дикачу дерриге а дIадолоршкахь кхиамаш хуьлийла!

Кхин цкъа а декъалдо шу дезачу денца!

№19, бекарг (март) беттан 10 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: