ДӀахьош ю «Бекалахь, ненан мотт – 2020» конкурс-фестиваль

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо дӀахьош ю Нохчийн меттан денна лерина «Бекалахь, ненан мотт» республикин хӀорашеран конкурс-фестиваль.

Цигахь дакъалаца лаам болчаьргара заявкаш схьаэцнера чиллин (февраль) беттан 20-гӀа де тӀекхаччалц.

Хьалхара схьакъасторан (зональни) тур Хьалха-Мартан кӀоштарчу Ӏалхан-Юьртарчу культурин цӀийнехь дӀаяьхьира.

Конкурсан коьрта Ӏалашо ю тӀекхуьучу кегийрхошна къоман литературехула къоман гӀиллакхаш довзийтар а, нохчийн матте безам кхоллар а, культурин таронашца кегийрхошна юкъараллехь а, шайн дахарехь а оьзда хила Ӏамор а, иштта, литературин-культурин хӀолламашкахула а шайн Даймохк а, мотт а беза Ӏамор а.

Конкурс-фестивалан жюрихь ву яздархо, Халкъан кхоллараллин туьшан исбаьхьаллин кхоллараллин отделан методист Уциев Абу, Халкъан кхоллараллин туьшан директоран заместитель Шатаева Зараъ, туьшан исбаьхьалин кхоллараллин отделан заведующи Демильханова Билкъис.

Конкурсан дакъалацархойн нохчийн маттехула долу хаарш а, кхоллараллин хьуьнарш а хӀокху номинацешкахула теллира: Исбаьхьаллин дош: а) поэзи (байт я поэмин кийсак, монолог дӀаешар); б) эпос (фольклоран говзаршна юккъера кийсак дӀаешар я цунна инсценировка хӀоттор).

Пайдаэца бакъо лора «Таймин Бийболатан илли», «Бабин Иэсин, ворхI вешин йишин илли», «Дадин-Юрт яккхаран илли», «Обарг Варин илли», «…Эла Мусостан, Адин Сурхон илли») говзарех; юмор, сатира; вокал.

Хьалхарчу схьакъасторан (зональни) турехь дакъалецира Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а, Эна-Хишкан а, Грозненски а кӀошташкарчу конкурсанташа.

Финалан туре бевлира хӀара дакъалацархой:
ТӀехьа-Мартан кӀоштара:
1. «Исбаьхьаллин дош» номинацехула – А.Абубакаров, Т.Джамалдинова. «Ненан мотт» – байт.
2. «Вокал» номинацехула – цхьаьнатоьхна «Мартан аьзнаш» тоба.

Цара дӀааьлларг «Зезаг» илли дара. Мехкарийн «Деган аз» вокалан тоба. Цара дӀалекхнарг «Нохчийн йоI» йиш яра.

Эна-Хишкан кӀошт:
1. «Вокал» номинацехула – Хасханова Мата. «Сан Даймохк» йиш лекхира.

Грозненски кӀошт:
1. «Исбаьхьаллин дош» номинацехула – А.Саккаева – А.Уциевн, «Сан деган туьйра» байт.
2. «Вокал» номинацехула – Р.Умханов – Ӏ-Хь.Хатуевн дешнашна композитора Димаев Ӏелас мукъам баьккхина «Бусалба сан Нохчийчоь» илли.

Хьалха-Мартан кӀошт:
1. «Исбаьхьаллин дош» номинацехула – С. Дабаев. «ВорхI вешин йишин илли» фольклоран говзарна юкъара кийсак йийшира.
2. «Юмор» – «Маскарад» студин «Лоьрийн дарба» сценка.
3. «Вокал» – мехкарийн вокалан «Мартан аз» тоба. «Даймехкан турпалхо» йиш лекхира (акапелло) (Ш.Цуруевн дешнаш, Р.Абзаеван мукъам).

ШолгӀа зональни тур бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь Устрада-ГӀалин культурин цӀийнехь дӀаяьхьна.

Цигахь дакъалоцуш бара Веданан, Шелан кӀоштийн а, Соьлжа-ГӀалин мэрин Культурин департаментан а, Устрада-ГӀалин культурин урхаллийн а векалш.

Конкурс-фестиваль шина муьрехь дӀахьур ю: 1-ра схьакъасторан (зональни) мур – чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнера оханан (апрель) беттан 9-гӀа де тIекхаччалц, 2-гIа (дӀаерзоран) мур – оханан (апрель) беттан 22-чу дийнахь.

Конкурс-фестивалан гурашкахь Нохчийн меттан денна лерина изобразительни а, прикладни а искусствон боккха гайтам дӀахьур бу Устрада-ГӀалин культурин цӀийнехь.

Толамхошна, мехала совгӀаташ деш, Дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а лур ю.

З.ЭДЬДЕРХАНОВА
№20, бекарг (март) беттан 13 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: