Аьттонах пайда ца эцча…

Футболах ловзаран Россин «Тинкофф» Премьер-лигин чемпионатан 21-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» команда Москвахь меттигерчу «Локомотив» командица левзира.

«ЦIерпоштнекъахой» оцу денна (8.03.2020 ш.) турниран таблицехь 2-чу меттехь бара, шайн чоьтехь 38 очко а йолуш, ткъа соьлжагIалахой 15-чу меттехь бара, шайн чоьтехь 20 очко а йолуш (лахара хьала шолгIачу меттехь).

Делахь-хIета, вайн футболисташна хIусамдайшначул а чIогIа оьшура толам. Амма церан толаме кхача аьтто-м ца белира, аьлча а, «Локомотиво» уьш оцу Iалашоне ца кхачийтир-кха.

«Ахматан» футболисташна ондда дуьхьало ярца дIадолийра хIусамдайша цхьаьнакхетар. Церан тIелатарш говза кечдина хуьлура. Уьш сиха а ловзура. Вовшашка буьрка дIаяларехь а гIоли бара. Иштта, рогIера тIелатар Эдера гол тохарца дерзийра «Локомотиван» футболисташа. Кхин хийцам боцуш чекхъелира хьалхара тайм.

Чаккхене йоьдуш яра шолгIа тайм а. Майданара хьал хийца гIертара вайн футболисташ. Церан тIелатарш ира а дара. Ишттачу цхьана тIелатарехь «Ахматан» футболиста тоьхна буьрка «Локомотиван» кевна чу яха тарлуш дара, хIусамдайн защитникан Кверквелиян куьйгах ца кхеттехь.

ГIуданан майданахь цу тайппана ловзарна суьдхочо иза майданара дIаваьккхира. Ткъа «Ахматана» бакъо елира цхьайтта метрера гIуданан тохар дан – пенальти. Толам ца баккхахь а, эшарх кIелхьара яла аьтто бара хIинца вайн командин.

Делахь а, оцу аьттонах пайда ца ийцира соьлжагIалахоша. ЖамI кхин хийца ца луш чекхъелира матч.

ДIадаханчу шеран хьаьттан (август) беттан 5-чу дийнахь дуьйна цкъа а тоьлла яц «Ахмат».

Дисинчу 9 цхьаьнакхетарехь а иштта ловзахь Премьер-лигин Iадика ян дезар ду цуьнан. ЧIогIа ца лаьа иза иштта хуьлийла.

Хь.САЙДАЕВ
№20, бекарг (март) беттан 13 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: