Хьалха-МартантIехь I.Димаевн цIарахчу Культурин цIийнехь Къоман «Культура» проектан гурашкахь концертийн виртуальни зал йийр ю хIокху шарахь. Зал 350 меттиг йолуш хир ю.

Проект кхочушъян федеральни бюджетера 45,7 миллион сом ахча къастор ду.
Вайн республикехь дуьххьарлера концертийн виртуальни зал 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира.
Хьалха-Мартан кIоштан Культурин отделан хьаькама Айдамиров СаьIида дийцарехь, концертийн виртуальни зал схьаелларх кегийрхошна хаза кхаъ хир бу.
«Тхан кIоштан культурин дахарехь а кегийрхошна лерина уггаре а йоккха проект хир ю и. КIоштахь Iашшехь аьтто хир бу культурин хиламашка хьовса, садаIа. И тайпа зал тхан кIоштахь хилар луларчу кIоштийн кегийрхошна а беркате хир ду», – элира С.Айдамировс.
Концертийн виртуальни зал – иза Россин Федерацин культурин министерствон йоккха проект ю къоман «Культура» проектан гурашкахь кхочушъеш.
Бахархошна академически музыкин искусство йовзийта аьтто бо виртуальни зал хиларо.
Оцу проектан гурашкахь, Россехь 2024-гIа шо чекхдалале концертийн виртуальни 500 зал схьайоьллур ю.
Юьйцучу залашкахь кхузаманан тоьлла музыкин а, техникин а гIирсаш хир бу, Россехь я кхечу пачхьалкхехь йолчу концерташка ма-ярра йолчу эфирехь хьовса йиш хир йолуш.
З.ХИЗИРОВА
№20, бекарг (март) беттан 13 де, 2020 шо