Регионан прокуратурера хаамаш

Бехке лерина

Йохка Iалашо йоцуш, баккхийчу барамашкахь наркотикийн гIирсаш эцарна а, Iалашбарна а (РФ-н УК-н 228-гIа статья, 2-гIа дакъа) бехкевеш, Ш.Шаруддина дуьхьал лелийначу уголовни гIуллакхан гIо лаьцна Соьлжа-ГIаларчу Заводски кIоштан прокуроран гIоьнчас, пачхьалкхан бехкевархочо Мусаев Аслана.

Суьдехь тIечIагIдира, бакъо йоцуш, Ш.Шаруддис эцна хилла 130 граммал сов йолу наркотик (марихуана) оперативно-лахаран гIуллакхаш дIахьочу хенахь, гучу а яьлла, полицин белхахоша цуьнгара схьаяьккхина хилар.

Заводски кIоштан суьдо хьесапе ийцира пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг.

Динчу зуламна бехке лерира иза, чохь яккха 3 шо хан а туьйхира Шаруддина.

Кхиэл законан бакъоне ерзаза ю.

Кхаъ бала гIортарна…

РФ-н УК-н 30-чу статьян 3-чу декъаца, 291-чу статьян 3-чу декъаца билгалдина зулам дарна (даржехь волчу белхахочунна, полицин белхахочунна кхаъ бала гIортарна) Гуьмсан вахархочунна дуьхьал уголовни гIуллакх долийна Россин СК-н Нохчийн Республикерчу талламан урхаллин Гуьмсан МСО-хь.

Билггал хууш ду мобильни телефон лачкъорца доьзна бехке лоруш верг Россин МВД-н Гуьмсан кIоштехула йолчу отделе валийна хилар а, ша динчу зуламна иза къера хилла хилар а, къола къайладохуьйтург полицин белхахочунна 15 эзар соьман барамехь кхаъ бала гIортар а.

Гражданинан законна дуьхьал долу гIуллакхаш дихкира.

Ишттачу зуламна бархI шаре кхаччалц хан тохар билгалдина, бала гIоьртинчу кхоан барам ткъе уьттазза алсамбаьккхинчу барамехь гIуда а тухуш.

КIоштан прокуратуро бух болуш лерина уголовни гIуллакх долор.

Некъан бакъонаш талхийна

Хьалха а оццу бахьанина административни таIзар дина хиллачо некъан боламан бакъенаш талхорца доьзна (РФ-н УК-н 264.1 статья) долийна хилла уголовни гIуллакх теллинчул тIаьхьа, бехкевар чIагI а дина, иза суьде дIадахьийтина Грозненски кIоштан прокуратуро.

Билгалдаьлла вахош долу малар мелла ву-вац хьажа медицинин тоьшаллех чекхвала дуьхьало ярна административни жоьпе озийна хилла Е.Аюб, мелла а волуш, юха а машенна урхалла деш хилла хилар.

Цуьнан зуламе гIуллакхаш совцийра полицин белхахоша.

Уголовни гIуллакхан материалаша гайтина бехкевеш волчунна дуьхьал гIуллакх нийса долийна хилар.

И тайпа зулам дарна законо билгалдо шина шаре кхаччалц хан тохар.

Коррупцина – дуьхьало

Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан прокуратурехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира коррупцина дуьхьало яран къоман план кхочушъярца доьзна регионан бакъонашларъяран органаша деш долу гIуллакхаш.

Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис билгалдаьккхира бакъонашларъяран органаша дуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь уголовни таIзар дан догIуш долу 286 гIуллакх хьесапе эцна хилар.

Коррупцица доьзна талхораш дина хиларна прокурора тидам тIебахийтина хиларан хьокъехь 5 393 акт тIеэцна, стохка, низаман жоьпе озийна 2 594 стаг, царна юкъахь ву тешам байна хиларца доьзна балхара дIаваьккхина 32 стаг, административни жоьпалла тIедоьжна 345 стагана, 71 уголовни гIуллакх долийна.

Коррупцина дуьхьало яран къоман план кхочушъярехь долуш долчу кхачамбацаршна тидам тIе а бахийтира терголатторан органан куьйгалхочо.

Ш.Абдул-Кадыровс тIедиллира профилактика яран болх вовшахтохар орамашкара дуьйна хийцар, коррупцин Iалашо йолу зуламаш гучудахар а, таллар а коьртачу тидамехь латтор.

Кхеташо чекхйолуш хьокъала боллу сацам тIеийцира цуьнан дакъалацархоша.

Прокуратуро гIо дира

Кху шеран кхолламан (январь) баттахь Россин ФНС-н Нохчийн Республикерчу кIошташна юкъарчу №1 йолчу инспекцис Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан прокуратуре дийхира, Россин Федерацин Налогийн кодексан 77-чу статьяца нийса а догIуш, доза тоьхначу жоьпаллин «Оникс» юкъараллин бахамна дозатохар (арест).

Прокуратуре кхаьчначу материалаша гойтура организацис 2,7 миллион соьман барамехь йолу налогаш дIатакхарца доьзна долу шен декхарш кхочушдеш цахилар.

Кхолладеллачу хьоло тоьшалла дора иштта дехар дан налогийн органан ондда бух хиларна.

Цундела прокуратуро шена законо еллачу бакъонех буьззина пайдаийцира – «Оникс» юкъараллин бахамна урхалла дарна доза туьйхира.

Налогийн декхар дIатакхар шен тергоне ийцира.

Прокуратурин гIуллакхаш бахьанехь 2,7 миллион соьман барамехь йолу налогаш пачхьалкхан бюджете дIакхечира.

Нохчийн Республикин прокуратурин сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№20, бекарг (март) беттан 13 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: