Нохчийчоь… Турпалхойн мохк…

ХӀун тов Нохчийчохь туристашна? Иштта хаттар делча, дукхахчара «Ӏалам» аьлла, жоп дала тарло. Амма Нохчийчоьнан коьрта хазна Ӏалам дац, Нохчийчоьнан коьрта хазна адамаш ду. Турпалхойн мехкан турпала адамаш.

И адамаш дийнна республикехь хилла ца Ӏаш, хӀора а кӀоштахь, хӀора а шахьарахь/эвлахь, хӀора а урамехь, хӀора а хӀусамехь деха.

Деха, шайн дайша ма-хьеххара, цара динна весеташ кхочуш а деш, шайн дегнашкахь Ийман а, Нохчалла а кхиош: хьаналчу рицкъаца, вовшашца долчу гӀиллакх-гӀуллакхца, хӀорангахь а йолчу оьздангаллица… Доцца аьлча, Веза-Воккхачу Деле болчу тешамца а, Даймахке болчу безамца а.

Цул тӀаьхьа догӀу Ӏалам а. Турпалчу мехкан турпалчу халкъо Ӏалашдина а, лардина а Ӏалам.

Оцу Ӏаламан хӀора а дакъа историн бӀогӀам ларалуш бу. Ӏаламна девза нохчийн халкъо лайнарш а, нохчийн халкъана дайнарш а.

Цуьнца нийса а догӀуш, нохчийн Ӏалам а, нохчийн халкъ а дийнна цхьаъ ду ала мегар ду, хӀунда аьлча, халкъо лайннарг ловш таханене кхаьчна и Ӏалам а хилча.

Цундела, «хӀун тов туристашна Нохчийчохь?» бохучу хаттарна, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, цхьа жоп догӀу… Доца а, кхачаме а долу жоп. Туристашна турпалхойн махкахь турпала халкъ тов.

Цул йоккха хазна хӀокху доккхачу дуьненахь а яц!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: