Вайн республикин куьйгалло боккха тидам тIебохуьйту гонахара Iалам цIена хилийтарна. Цунна тоьшаллаш го вайна тахана Нохчийчоьнан массо а маьIIехь: гIалахь, юьртахь, аренца, лаьмнашца.

Цу декъехь болх байтар, Iалам кхин а цIена хилийтар тIедуьллу меттигерчу Iедалан векалшна а, хьокъалла йоллучу министерствошна а.
Иштта, карарчу 2020-чу шарахь «ЦIена мохк» программа кхочуш а еш, дIахьур ду Соьлжа-ГIала шахьарна гонаха йолу мехкадаьттан даххаш Iалашдаран меттигаш, амбараш, саьнгарш дIаяхар.
И белхаш барна 716 миллион сом сов ахча ду къастор долуш. Мехкадаьттан даххаш дIадахаран а, бехдина латта цIандаран а белхаш 29 гектар майданахь дIабахьа безаш бу.
Оцу даххаша бехйина меттиг Заводски кIоштарчу «Андреевски долина» олуш йолчу полигонехь ю. Цигара а, кхечанхьара а дIалахьо дезаш ду шайца мехкадаьтта долу 146 эзар тонна даххаш.
Цул сов, 29 гектар майданара 25 эзар тонна сов бехдина латта а ду дIадаккха дезаш. И берриге а белхаш бинчул тIаьхьа дIахьур ду цига буц ер а, синтарш дегIар а.
ТIаккха, вайн пачхьенна гонаха йолу кхийолу меттигаш а санна хазъелла, сенъелла, къегина дIахIуттур ю хIинццалц гонахара Iалам бехдеш лаьттина йолу мехкадаьттан даххаш Iалашдеш хилла йолу майда.
Иза гIалахойн могашаллина тIехь дикачу агIор хаадалаза а дуьсур дац.
Цуьнца цхьаьна гонахара Iалам лардаран ведомствон векалшца боккха болх дIахьо дахаран-Iеран даххаш, нехаш дIакхуьйсу меттигаш битаме ялоран декъехь а.
И болх меттигашкахь шаьш урхалладаран органашца а, юкъараллица цхьаьна дIахьош бу. Цуьнан тIаьхье беркате а ю.
Д.ПАШАЕВ
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо