Магомадов Мансур вина 1961-чу шеран январь беттан 3-чу дийнахь Жимачу АтагIахь. 1985-чу шарахь, Ленинградерчу пачхьалкхан университетан журналистикин факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь дIаболийна шен къинхьегаман некъ. Цул тIаьхьа белхаш бо «Грозненский рабочий», «Голос Чечено-Ингушетии», «Российская газета» газеташкахь, кхечу хаамийн гIирсашкахь. 1997–2003-чуй шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин кафедрехь хьехархочун болх бина. 2003-чу шарахь М.В.Ломоносовн цIарахчу МГУ-н (Московский государственный университет) философин факультетехь кхиамца чIагIйина философин Iилманийн кандидатан диссертаци. Оцу шарахь дуьйна Россин Федерацин Президент волчохь долчу Нохчийн Республикин гуттаренан векалаллехь болх беш ву. 2008-гIа шо кхаччалц Векалаллин хаамийн-аналитически отделан куьйгалхо лаьттира, 2008-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Президент волчохь волчу Нохчийн Республикин юьззина бакъонаш йолчу Векалан заместитель ву.
Нохчийн Республикин хьакъволчу журналистан, Iилманан 50 сов белхан авторан Магомадов Мансуран цIе дика евза республикехь. Амма хIинццалц иза говза журналист, публицист санна вевзаш хиллехь, тахана оха иза вовзуьйту поэт санна. Зорбане ца яьхнехь а, школехь волуш дуьйна а стихаш язъеш хилла Мансур, царех цхьаерш шун кхиэле а йохку оха.
Делахь а, алийша, йиш юй со дика стаг лара
Iуьйранна со гIотту, кхетаман ницкъ серлаболуш,
Селхана хиллачун, ца ваьлла, ас ойла йо.
Сан са ду ца Iаш дерг, цо хилларг юха а огуш,
Керлачу денца ас сайн дахар дIадоладо.
Кхетаман лаг къуьйлуш, сан сино соь бехкаш доху,
Дог Iийжар, йина вас йицъелахь цо боху соь,
Дикаллин басешкахь синтеман оганаш оху,
Къизалла толийча, лар йоцуш, довш хуьлу доь.
Со цкъа а ца хилла сайн дахар мехала хеташ,
Ас цкъа а ца лехна, нах Iехош, лакхенийн гу.
Со веха дог-ойла цIеначу син баххьех хьерчаш,
Мацалло дарвича, ас, ца дуьйш, дитина лу.
Делахь а, алийша, йиш юй со дика стаг лара,
Нагахь ас боссийнехь кхечуьнан син коьрте бала?
Сан хьежар дерзош,
йогIур ю нана
Хьо яха, олуш, йогIур ю сихха,
Кхуьур вац, теша, сагатдала.
Хьан къажар хьаьрчи ойланах, сих а,
Дуьтуш сан даг чохь хьо чIагIъялар.
Со хьежа вуьйли хьан сихха яре,
Кораха ара, ларбеш хьан некъ.
Дахар ду кхехкаш, еса ю аре,
Хьан цIа яр дерзош, тухуш яц неI.
Со ара хьоьжу, гIаларташ лардеш,
Лоьху ас деза хьан юьхь-сибат.
Хьо лелачу некъийн ачанаш лехьош,
Ас доккху корехь муш беха сахьт.
Цомгашчу суна тIекхачар дезна,
Сан хьежар дерзош, йогIур ю нана.
Воьду со къоналле, хьо хилар гIенашкахь дезна
Цкъа мацах вай йина ойланаш, лар йоцуш, яй,
Чухаьрци, бух боцуш, йоьттина безаман гIала.
Мел аьлла хаза дош, хIаваэхь, аз доцуш, дай,
ДIадаьлларг кхетамехь ша дисна шех хилла бала.
Цу балин кхайкхамца со юха къоналле вахча,
Хьан гIаларт урамехь, гIенашкахь, ас тергалдо.
Синхаам, синлехам ма-хуьллу даггара лехча,
Де духий, ницкъ оьший, сан даго болар лахдо.
Со лела къоналлехь, вай йина ойланаш лехьош,
Заманан кIоргенехь ас лоьху хьан мерза аз.
Къежбелла сан корта сайн деган жималлах белош,
Хила ца доьгIначун васт даг чохь кхиадо ас.
Хьо йицъян ницкъ боцуш, къаналлин къоьжалле кхаьчна,
Воьду со къоналле, хьо хилар гIенашкахь дезна.
Нохчийн кхача кхерчахь хуьлда даима
Кхача кхечи, кхача безар сихдина,
Цу кхачанца рицкъа хилар чIагIдина,
Хийла адам кхобуш, кхачо лардина,
Кхачас кхачо йина, дуьне хаздина.
Нохчийн кхача кхаьчча хIусам тоелла,
Цу кхачано хьаша вузош, хьистина,
Кхача хьеше кхочуш, гIиллакх чIагIделла,
Хьаша, ловчу кхерча, беркат листина.
Кхача кхачо кхечо дукха къахьегна,
Дуьне хаздеш, кхача шуьне кхайкхина,
Кхерчахь кхача кхехкаш, хIусам йохъелла,
Кхача баа гуллуш, марзо чIагIъелла.
Нохчийн кхача кхерчахь хуьлда даима,
Цу кхачанан беркат, лардеш хIорамма…
ХIун де ас, сан нана, хьо сайна хилийта реза
ХIун де ас, сан нана, хьо сайна хилийта реза?
ГIуллакхца я дашца, ас муха эца хьан дог?
Сан сине ладогIахь, хуур ду мел чIогIа еза,
Хьан лаам бохийна, ас цкъа а боккхур бац ког.
Ас цкъа а лоьхур бац, сан нана, хьан дагна хорам,
Хьан дашах хервелла, йицъелла, лелар вац со.
Чорда дош хьоь ала, дог дохош, бац, нана, кхерам,
Сан дуьне, сан дахар лаьтта тIехь хиларна хьо!
Алахьа, сан нана, хIун де ас хьо елакъажо?
ХIун де ас дозаллах Iабийта хьан цIена са?
ХIун де ас, сан нана, хьан дагчу йоккхаер дижо?
ХIун де ас, алахьа, ларвала хьан латарх къа!
Сан нана, сан нана, со Iаш ву хьан коша хьалха,
Жоп доцуш хьоьгара, висина дуьненахь цхьалха…
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58