
ЭхI, ма дика хIума хиллера и хьалхалера юьйцина керташ – зIараш.
ТIе ло диллина, церан баккъаш горгделча, Iа а дулуш.
Малх кхетачу агIор сийна зезагаш гучудевлча, бIаьсте а йолуш.
Керташна дехьа а, сехьа а нитташ хьалагIоьртича, бIаьстенна тIаьхьа йогIург аьхке юйла а хууш.
Юха, керташ дийнахь а, буса а догIанах леша евлча, хьо нохчийн пешан берте а хуьйшуш.
Юха буса цхьа хаза гIенаш а гуш…
Ма зама хиллера иза, оцу керташа латтош ерг…
ИЦЛАЕВ Ӏабдулла
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо