Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана республикин министерствон штатехь йоцучу коьртачу эпидемиологца Муртазалиева Асиятаца дийцаре дира коронавирусца долу хьал.

Асията дийцарехь, бекарг (март) беттан 12-чу дийнахь долчу хьолаца вайн регионехь цхьа а вац коронавирус йолуш.
«Таханлерчу дийнахь тхан тергонехь лаьтташ ворхI стаг ву, царах кхоъ – дIадаханчу кIиранах Италера цIа веана ву, виъ – Къилба Корейра. Медицинин талламаш бинчул тIаьхьа, царах цхьанна а инфекци гучу ца яьлла», – элира А.Муртазалиевас.
Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министерствос хьоьху коронавирусан инфекци цахилийта уьнах-цIеналлин бакъенаш ларъян езаш хилар а, эпидемиологин хьал долчу пачхьалкхашка цавахар а.
«Дуьйцийла йоццуш, Россехь а, иштта, дерриге а дуьненахь а хуьлуш долу пачхьалкхашка дIасадахар лерича, COVID–19 коронавирус республике чуярна кхерам бу. Делахь а, регионан ерриге а медицинин учрежденеш а, медицинин белхахой а кийча бу кхача тарлучу инфекцина дуьхьало ян», – билгалдаьккхира министра.
Э.Сулеймановс дийцарехь, Росси дуккха а пачхьалкхашна кхачоеш ю коронавирус хилар гучудоккхучу тест-системашца.
Талламаш бар ерриге а инкубацин хена чохь, иза дейтта дийнах лаьтташ ю, кхузза дIахьо, – хьалхарчу дийнахь, уьтталгIачу дийнахь, шуьйтталгIачу дийнахь.
Цул сов, материал дIайохьуьйту вирусийн а, биотехнологин а Пачхьалкхан «Вектор» Iилманан туьшан Iаьржачу уьнна дуьхьало яран институте кхитIе а талламаш бан.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-служба
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо