Вайн музейш кхиаран керла тIегIа

Нохчийн Республикин къоман музейхь дуьххьарлера «Артефакт» мультимедиа-гид проект йовзийтира.

Федеральни «Культура» къоман проектан гурашкахь дIаяьхьначу «Терахьийн культура» проектехь изобразительни искусствон «Нохчийн къоман музейн шедевраш» конкурсехь толам баккхарца яьккхина ю «Artefact» медиа-гид приложени юкъахь хила бакъо.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин куьйгалхо Каримов Iаьлви, Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Къилбаседа ХIирийчуьра хьеший а, Туризман министерствон а, туризман агентствийн а, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш, блогерш, кхиберш.

Презентаци дIахьош вара Къоман музейн директор Асталов Ваха а, музейн Исбаьхьаллин искусствон отделан куьйгалхо Хадчукаева Милана а.

Телефонан «Artefact» приложени – иза музейшна лерина интерактиван гид ю. И приложени схьайиллича, цунна чу яьхначу музейшкарчу экспонатех лаьцна яздина хуьлу цу чохь.

Оцу приложени чохь йолчу экспонатех лаьцна яздинарг миччахь велахь а, цу чохь деша йиш ю, ткъа музейшкахь, оцу приложенин камера схьа а йиллина, экспонатана я суьртана тIехьажийча, телефонан экрана тIехь цунах лаьцна хаам гучуболу, цул сов, 3D программа а ю «Artefact» приложенин.

Россин яккхийчу музейшкахь туристаша пайдаоьцуш ю и приложени. Ткъа хIинца, вайн республикин Къоман музей а юкъаяхана «Artefact» медиа-гид приложенина.

Керлачу технологица кхуьуш ю истори йовзаран кепаш а. «Artefact» телефонан приложених пайдаоьцуш ю Россин 150 музей. ХIинца нохчийн Къоман музей а ю цу юккъехь. «Artefact» телефонан приложенин юкъахь вайн музейн исбаьхьаллин искусствон 34 балхах болу хаам бу. Нохчийчоьнан культура йовзаран таронаш кхиорехьа йоккха гIулч ю иза. Цкъачунна, оцу приложени чу даьккхина масех сурт бен дац, амма кхидIа а цу тIехь болх бу беш. Цул сов, карара шо Нохчийн Республикин Туризман шо хиларе терра, хIокху шарахь вайн республике дуккха а туристаш бахка тарло. Цундела, «Artefact» медиа-гид тхуна доккха гIонакъосталла ду. Тобанашкахь баьхкинчу туристашна, телефонан приложеница цхьадолчу суьртех дерг хаа аьтто хир бу хIинца; оьрсийн, ингалсан меттанашкахь еша а, оццу шина а маттахь аудиозаписе ладогIа а йиш хир ю церан, – элира Асталов Вахас.

Суна дукха музейшкахь гина, медиа-гид приложених пайдаоьцуш. Иза лело атта ю, вайн заманан технологин цхьа гIирс бу. ТIаккха, вайн республикин Къоман музей оцу системина юкъайогIуш хилар боккха аьтто бу. Вайн музейш кхиор керлачу тIегIане долуш хиларан билгало а ю. Нохчийн Республика массо а агIор кхиорна тIехь доккха гIо-накъосталла до вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иштта, Нохчийчоьнан культурин министран дарже Дааев Хож-Бауди хIоьттичахьана, къоман культура кхиорехь цуьнан кхиамаш а гуш бу вайна, – элира Каримов Iаьлвис.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархоша шайн телефонаш чу яьккхира «Artefact» приложени.

ХIара приложени яханчу а, керлачу а заманан тIай ду. Кху чухула вайн музейн суьрташ девзинарг, цаьрга, баккъал а, хьажархьама, кхуза ца вогIуш Iийр вац. Ткъа иза вайн махкахь туризм кхиоран а, доттагIалла тасаран а цхьа некъ бу, – элира Ибрагимов Кантас.

Интерактиван у тIехь приложени лелорах лаьцна дуьйцуш, нохчийн Къоман музейра цу чохь долу суьрташ довзийтира В.Асталовс.

ВЕГИЕВА Макка
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: