Веллеризмаш

«Къарвала-м хала дацара, дог мича дахьа деза?», – баьхна ламанхочо.
***
«КIантал дукха мила веза хьуна? – аьлча, «кIентан кIант веза», – аьлла денанас.
***
«Ма гIерта, вир, бердайисте, сан ги дан доллу хьо», – баьхна старо вире.
***
Мотт тоьхна вогIучо мотт тоха воьдучуьнга: «ВатIа ма ватIалахь», – аьлла.
***
«Iаьхча – барзо буу, ца Iаьхча – Iуьно буу», – аьлла уьстагIо.
***
«Хьуо велча хьайн барма лаца виъ стаг мукъане а вита кху юьртахь дов ца доккхуш», – аьлла дас харцахьа лелачу шен кIанте.
***
«Ша лартIехь велахь, цо суна топ кхуссур а яц, лартIехь вацахь, цуьнан и кхетар а яц», – аьлла, шена тIе топ хьежош таллархо гинчу хьаргIано.
***
«Шегий-шегий кхабийта бохуш, да-нана къуьйсуш вовшахлеташ вежарий а ца гина суна, дуьненан рицкъанах Iебина адам а ца гина суна», – аьлла къаночо.

Т.ДЖАМБЕКОВА
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: