ХIокху деношкахь Ставрополан махкарчу Суворовски станицехь дIаяьхьира кегийрхошлахь СКФО-хь хьалхеяккхаран боксехула йолу турнир.

Цигахь дакъалоцуш вайн республикерчу «Ахмат» РБК-н спортсменаш а бара.
Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.
Хьалхара меттигаш ехира: Расуев Ахьмада (80 кг), Дадаев Ислама (48 кг), Махаури Малика (52 кг), Адамов Эльбека (70 кг).
ШолгIа меттигаш ехира: Хасханов ИбрахIима (54 кг), Успанов Расула (80 кг).
КхоалгIа меттигаш – Идигов ИбрахIима (57 кг), Матаев Садус (63 кг), Садулаев ИбрахIима (48 кг), Чукуев Юсупа (46 кг), Эльмурзаев Рамзана (60 кг), Умаров Насухана (66 кг), Шандаров Хасбулата (54 кг).
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№21, бекарг (март) беттан 17 де, 2020 шо