Хьомсара махкахой! ВуьрхIитта шо хьалха, 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь, Нохчийчохь историн хилам хилира – нохчийн халкъан керлачу, маьршачу дахаран юьхь йолийна референдум хилира.

Дерриге а халкъо кхаж тесначу оцу дийнахь тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци. И гIуллакх юкъадаьккхинарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вара.
Иза дIаяхьа езаш хиларан хьокъехь шеконаш хиларе, иза дIаяхьарна новкъарлонаш еш хиларе, ткъа иштта террористаша дукха кхерамаш туьйсуш хиларе хьаьжна ца Iаш, референдум хилира. Харжамийн каппашка кхаж таса веара 500 эзар сов стаг. Царах 90 процент гергга болчара кхаж Нохчийн Республикин керлачу Конституцин проект тIеэцарехьа тесира. Нохчийн Республикерчу бахархоша, иштта, дIахаийтира шаьш дукхакъаьмнаш долчу Россина юкъахь хила лууш хилар.
Вай цкъа а дицдийр дац нохчийн махкахь машар хилийтархьама мел боккха мах дIабелла. Вайн керлачу историн хьокъехь долу бакъдерг, иза ша ма-дарра, довза деза вайн тIаьхьенашка тIейогIучу хенахь изза гIалаташ ца дайта.
Нохчийн халкъана референдум дIаяхьар а, цуьнан жамIаш а доккха маьIна долуш хилам бара. ДIабевлира чаккхе йоцуш хилла бохамаш, баланаш, гIайгIанаш. Нохчийн халкъо машаре хиндерг хаьржира.
Референдум дIаяхьа аьтто хилира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа иза дIаяхьа езаш хиларх чIогIа тешна хилла хилар бахьана долуш.
Ахьмад-Хьаьжа кхеташ вара бакъонийн бух ца хилча законаш талхорца, терроризмаца къийсам дIабахьалург цахиларх, чIана баьккхина мохк цIинлург цахиларх, къелла дIаяккхалург цахиларх. Оцу халачу киртигехь Ахьмад-Хьаьжин, шеконашка а ца вуьйлуш, гIолецира Россин Президента Путин Владимира.
Хено гайтира ре ферендум дIаяхьаран хьокъехь бинарг, беккъа ша цхьаъ бен боцу нийса некъ хилла хилар. Нохчийн Республикин Конституци тIеэцар юкъараллехь барт а, цхьаалла а хиларан бух хилла дIахIоьттира. Цо гIо дира машар а, синтем а хиларе кхача, экономика кхиорна а, адамийн Iер-дахаран хьелаш тодарна а кхачоян. Билггал и Iалашонаш яра Ахьмад-Хьаьжас шена хьалха хIиттош хилларш.
Хьомсара доттагIий! Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин денца! Лаьа шун доьзалшкахь беркат лаьттийла, коьрта тIехула маьрша стигал хуьлийла, шун дахар ирсе а, токхе а хуьлийла!
№22, бекарг (март) беттан 21 де, 2020 шо