Нохчийн музейшкахь гайтамаш хилира

Нохчийн Республикин музейшкахь бекарг (март) беттан шолгIачу декъехь дIабаьхьира тайп-тайпана гайтамаш.

Нохчийн Республикин Конституцин де билгалдоккхуш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Пачхьалкхан галерейн дIасахьочу суьртийн «Со адам а ду, гражданин а ву» гайтам дIабаьхьира Соьлжа-ГIалин №8 йолчу школехь.

Бекарг (март) беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин къоман музейхь дIабаьхьира суртдиллархочун Ш.Ахмадовн «Сино лардо» суьртийн гайтам.

Нохчийн Республикин Конституцин де билгалдоккхуш, бекарг беттан 19-чу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» ХIолламан комплексан дIасахьочу суьртийн гайтам дIабаьхьира Веданан кIоштан МахкатIерчу юкъарадешаран школехь.

Бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь Шелковски кIоштарчу Парабоч юьртахь, М.Лермонтовн литературин музейхь, билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Конституцин де. «Референдум – иза машар а, синтем а» цIе йолчу гайтамехь хир бу референдумах лаьцначу книгех а, буклетех а вовшахтоьхна гайтам.

Бекарг (март) беттан 20-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Мескитахь, А.Айдамировн цIарахчу литературин-хIолламан музейхь, 1865-чу шарахь нохчий, хIижрат а дина, Хонкара дIабахарх лаьцна дехкинчу суьртийн гайтам дIабаьхьира.

Оццу дийнахь, «ХIХ-чу бIешерийн чаккхенехь нохчийн зудчун Iер-дахар» аьлла, гайтам дIабаьхьира Теркан кIоштарчу Лаха-Неврерчу I.Мамакаевн цIарахчу литературин-мемориальни музейхь.

Иштта, хIокху беттан 20-чу дийнахь Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина суьртийн гайтам Итон-Кхаьлларчу Хь.Исаевн цIарахчу мохкбовзаран музейхь а дIабаьхьира.

ВЕГИЕВА Макка
№22, бекарг (март) беттан 21 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: