«ХIусамаш ярехь махкахь а уггаре а лакхара гайтамаш бу Нохчийчоьнан» – элира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима Россин Правительствон Председателан заместительца Хуснуллин Маратаца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Россин Правительствон Председателан заместительца Хуснуллин Маратаца.
Москвахь дIадаьхьначу оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара вайн республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министр Зайпуллаев Муслим.
«Дийцаре дира Нохчийчохь хIусамашна лерина гIишлошъяран гIолацаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Марат Шахирзяновича леррина ладуьйгIира тхан хьесапашка а, оха дан леринчуьнга а. Республикин куьйгалхойн коьртачу декхарех цхьаъ ду бахархойн хIусамашца долу хьелаш тодар. Иза доьзна ду бахархой хIора шарца алсамбовлуш хиларца. Оцу декъехь махкахь а уггаре а лакхара гайтам бу вайн», – бохура М.Хучиевс.
Нохчийн Республикин Правительствон Председатела билгалдаьккхира хIокху шарахь вайн регионехь 700 эзар квадратни метр хIусамаш йина йовлийта дагахь хилар.
«Делахь а, иза а кхачаме хир дац оцу декъехь долу декхарш буьззинчу барамехь кхочушдарна. Шайна цIенош дан лууш болчу бахархошна лаьттан дакъошца кхачоян а езар ю, ипотечни кредиташ эца аьтто бан а безар бу, къоначу доьзалшна хIусамашца кхачоян а езар ю. ХIара шо долалуш, хIусамашна рогIехь лаьтташ 25 эзар къона доьзал бара. Шеко йоццуш, и декхарш кхочушдаро тхуна таро лур ю республикин бахархойн хIусамашка долу хьашташ диккачу декъана кхочушдан а, хIусамийн хьелаш тодан а», – элира Хучиев Муслима.
Россин Правительствон Председателан заместитела М.Хуснуллина къобалдира бахархойн хIусамашка долу хьашташ кхочушдарехь деш долу а, дан лерина долу а гIуллакхаш. Цо тIелецира оцу тIехь Нохчийчоьнан Iедална ницкъ кхочучу барамехь гIо-накъосталла дан.
Вовшийн ларамбарца, вовшех дика кхетарца дIадахара цхьаьнакхетар. Цуьнан тIаьхье беркате хила декхар ду.
Д.АНАДЕВ
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо