Со бераллехь йоккха кIевсиг яра. Цхьажимма а сайна цатам баьлча, буйнаш а дой, тIекхоссалора со сайца ловзуш долчу берашна. Сайл баккхийчарна а буй-тIара йора, цара, со шайх дIахьакха ма-веллинехь, охьа а бетталой, гIийла духьалонаш а еш, сайца беш берш бегаш буйла а ца хууш.
Ала деза, чIогIа каде ког таса Iеминера со. Цхьаъ-цхьаннах таса ма-веллинехь, ас сихха ког тосура цунна, иза оцу сохьта лаьттахь каравора, ткъа цунна тIехь – со.
Ала деза, вайн дайшкара схьадеанчу Iуьллучунна ца етта бохучу гIиллакхах тхан, берийн, кхетам бан а бацара. И кхетам тхан хьекъалан кIоргехь бижина Iуьллуш хилла хила тарлора, хIунда аьлча, я ас а, я кхечу бераша а тхайнабухахь волчунна, иза чIогIа лаза а веш, ца еттара. Цо ша, гIелвелла, дIахецахьара аьлла деххалц, тIе а дуьйший, бухахь латтавора.
Цуьнца цхьаьна, йоккха кIилло а яра со. Тхо, бераш, буьйсанна нехан бошмаш тало дахча, тхан бIаьргаш шайна тIехь сецадора цIен-можа бос бетталучу Iежаша, хьечаша, туьркаша, бIараша, ур-аттал а, хасстоьмаша, доцца аьлча, нехан бошмашкахь кхуьуш долчу сурсаташа, тхайн бошмашкахь уьш шортта доллушехь.
Къола дан доьлхуш, со даима хиэ хIоттавора, бешан дена тIера бIаьрг дIацабаккхар а, цхьа-цхьаъ кхерам тосабелча, хаийтар тIе а дуьллий.
Цкъа ишттаниг нисделира.
Беттасин буьйса. Тийналла. Гуонаха цхьа а адам дац. Ткъа со, даима санна, сайн хехь лаьтташ ву, сан доттагIаша Мутин бешара шайн чета стоьмаш теIошшехь. Я цхьаъ тосаделла делахь а, я чувогIуш кхуза нисвеллехь а, цицигах тебба тIехьашхула суна тIе а веана:
– Жима кIант, ахь хIун леладо? – хаьттира цхьамма.
– Ой, – кхеравелла, ларамаза делира соьгара, дерриге а дегIе зуз а доуьйтуш. И дош сан багара ларамаза а даьллехь а, и эккхийта дезаш дара ас цхьа-цхьаъ кхерам тосабелча.
Суна хьалха лаьттара хIусамда Мути.
– Хьо хIун деш лаьтта кхузахь, буьйсанна юккъехь? – цIеххьана даьллачу цуьнан озо Iадийнера со. – Цу тIе хьо хьуо?
– Тхо… тхо лечкъардигех ловзуш дара. Соьца долу бераш цхьаццанхьа дIасадахна-кх, – велхаранкъурдашца халла элира ас.
– ЭхI, кIант, Iаламат вуон хIума ду цара динарг. ДоттагIа ша доттагI иштта тесна вуьтуш ца хуьлу. Вало, – элира цо, – ас цIа вуьгур ву хьо.
Сан доттагIий-къуй кертан дехьа агIорхула, дерриге гуш а, хууш а болу, шайн-шайн хIусамашка сихха дIасабекъабелира.
«Дерриге а дика чекхдели!» – воккхавера со, бархI шо кхаьчна кIант, Мутина юххе а хIоьттина, цIехьа сайн кегий гIулчаш а йохуш.
Амма, соьга хьоьжуш, уггаре а доьхнарг шолгIачу Iуьйранна хиллера.
Тхан цIенна юххехь цIеххьана гучувелира Мути, сайн дин-сараг а кечбина, сийсара цара лахьийна Iежаш даа араэккха кечлуш волуш.
– ХIей, схьавоьл цкъа! – луьра омра дира цхьаммо.
Сихха, сайн «динан» архаш юха а оьзна, дIахийцира ас. Сан «говр» лаьтта охьакхийтира. Сихачу боларца воккхачу стагана тIевахара со. Уггаре а хьалха сан тидам тIебахара цуьнан карарчу жимачу сарагна. Иза ца безабелира суна. Хьем ца беш, сан букъ тIехь моьнийн аьрснаш даха болабелира иза.Ткъа сан ден карахь кхин а чIогIа моьнаш дуьтура цу сараго: кIиранах меттара хьалагIатта ца луш, Iуьллура со.
Мутин аьрру куьг сан лергана тIекхевдира.
– Сийсара шаьш лечкъардигех ловзуш дара бохура ахь? Лечкъардигех, хIан? – Юх-юха хоьттура цо. – Хьо а витина, хьан доттагIий бевдира?
«ПахI» – тата а доккхуш, сан дегIах кхийтира сараг.
– Хьан доттагIий бевдира, хьо а витина?
Юха а «пахI!» делира.
– Схьааалал, маса вара шу?
– Виъ, – велхарна юккъехула халла элира ас.
– Муьлш бара уьш?
Ас массеран цIерш ехира.
– Делахь-хIета, хьуна кхин а кхо сараг богIу, хIоранна а тIера, – куьг тIехьадахийтира цо, чIогIа кхетийтархьама. «ПахI!» – сараган къора тата делира. – ХIара, Iежаш даьхна ца Iаш, генаш а кегдарна. Кхийтин хьо? Ткъа хIара, – юха а тата делира, хьалхалерачел чIогIо. – Со волчу а даьхкина, аш шайна Iежаш цадехарна. И беркат шортта ма ду хIораннан кертахь.
Билгалдаккха хьакъ ву со: чIишталгашна тIехула бIаьрхиш охьаледахь а, со цкъа а ца вилхира цIогIа а доккхуш. Ас дика ловра Мутис дегIах бетта сараг. Амма тIаьхьуо хиира суна: хIора тохар со кхоош деш хиллера цо, сайн гIалатах-ледарлонах кхетийтархьама.
Ша таIзар дина ваьлча, чIогIа кIеда-мерза, хьастаме соьга схьахьаьжира Мути. Ша-шах цуьнан логах хьаьрчира сан куьйгаш. Настаршна тIе а лахвелла, цо а марайоьхкира сан белшаш. Со, узарш а деш, чIоггIа вилхина дIавахара. Халла ала делира соьга:
–Ваши, къинтIера валахьа тхуна…
– Ма велха, ма велха, сан кIант. БIаьргаш а дакъаде. Хьо къонах ма ву. Ткъа къонахий цкъа а ца боьлху. Къонахчунна цIийл а деза ду бIаьрхиш. Иза диц ма де, кIант!
Мутис аьхна куьг хьаькхира ша сараг биттинчу сан дегIах.
– Ткъа хIинца, – элира цо, – хьайн «дин» хахкий, гIой, хьайн доттагIий схьабалош вола. Вай Iаббалц Iежаш а дууш, цхьаьний сакъоьруш Iийр ду.
…Иза суна сайн дерриге а дахарехь дагахь дисина. Цул тIаьхьа цкъа а ца лаьттира со хехь. Я нехан бошмаш тало а ца ихира. Вуьшта, хIусамдена тIе а воьдий, сайна марзъеллачу хIуманна:
– Ваша, хIара яхьа суна, – олий, тIе пIелг хьажабора ас. Цкъа а, цхьана а дас суна дуьхьало а ца йора.
ШАЙХИЕВ Iалвади
еара, май беттан 28-гIа де, 2015 шо, № 58