Россин Федерацин Президента Путин Владимира 2020-чу шеран кхолламан (январь) баттахь дIаяьхьначу ма-ярра йолчу эфирехь дIакхайкхийра Ноналлин капиталан закона тIехь хийцамаш бина хилар а, 2020-чу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна закон лелар долуш хилар а.

Нохчийн Республикин къоначу дай-нанойн дуккха а хаттарш кхолладелира цу хьокъехь. ХIораннан а хаа лууш дерг дара, хьенан, бакъо хир ю оцу керлачу законах пайдаэца.
Цуьнца доьзна, законехь бина хийцамаш бовзийтира Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин Социальни ахча дIадаларан отделан куьйгалхочо Битимирова Хедас Нохчийн Республикин хаамийн агентствийн а, зорбанан хаамийн а, телевиденийн а журналисташца дIаяьхьначу пресс-конференцехь.
– 2020-гIа шо тIекхачале доьзалехь ши бер долчу доьзало, ноналлин капиталан сертификат схьаэцнехь, амма цхьана а хьашташна хьажийна дацахь, ноналлин капиталан ахча 466 617 сом хир ду. 2020-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу дийнахь я цул тIаьхьа дуьнен чу ваьллачу хьалхарчу доьзалхочунна 466 617 сом лур ду, цул тIаьхьа винчу шолгIачу доьзалхочунна кхитIе 150 000 сом лур ду, ткъа кхоалгIа доьзалхо дуьнен чу ваьлла, доьзал ипотекин кредит дIатокхуш хиллехь, царна 450 000 соьмаца гIо дийр ду и дIатокхуш. Иштта, хьалхара доьзалхо 2020-гIа шо тIекхачале вина а волуш, шолгIа доьзалхо 2020-чу шеран кхолламан беттан хьалхарчу дийнахь я цул тIаьхьа дуьнен чу ваьлла велахь, ноналлин капиталан ахча 616 617 сом хир ду, цул сов, кхоалгIа доьзалхо дуьнен чу валарца, церан хиллехь ипотекин кредит, иза дIатакхарна 450 000 сом лур ду. Кхузахь билгалдаккха догIу, нагахь санна, кхоалгIа доьзалхо дуьнен чу ваьлча, доьзална тIехь ипотекин кредит ца хиллехь, шен оцу бакъонах мичча хенахь пайдаэца йиш ю цуьнан. Ноналлин капиталан, сертификат схьаэцаран керла бакъенаш юкъаялийна керлачу законаца. ХIинца, хьалха санна, кехатийн, справкийн пакет кечъян езар яц къоначу ненан. И дерриге а Пенсионни фондан меттигерчу отделенин белхахоша шаьш дийр ду, – дийцира Х.Битимировас.
Иштта, ноналлин капиталан долахо мила ву а, и ахча муьлхачу хьашташна хьажо мегаш ду а дийцира цо.
Социальни ахча дIадаларан отделан куьйгалхочо билгалдаьккхира ноналлин капиталан сертификат дохка мегаш цахилар, нагахь, бакъонаш талхош, и доьхкинарг гучувалахь, уголовни органаша иза жоьпе озориг хилар.
ВЕГИЕВА Макка
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо