«Нохчийн хелхар – 2020» конкурс ю дӀахьош

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо, вовшахтухуш, дIахьош ю хIорашеран къоман хелхаран «Нохчийн хелхар» республикин фестиваль-конкурс.

Бекарг (март) беттан 12-чу дийнахь ТӀехьа-МартантӀехь а, 16-чу дийнахь Гуьмсехь а, цул тӀаьхьа бекарг беттан 17-чу дийнахь Шуьйтан кӀоштан Культурин цIийнехь а Итон-Кхаьллан, Шаройн, Шуьйтан кӀоштийн дакъалацархошна юкъахь дӀаяьхьира фестивальконкурсан хьалхара, схьакъасторан (зональни) тур.

«Нохчийн хелхар» республикин фестиваль-конкурс 2010-чу шарахь дуьйна дIахьош ю. Иза дIаяхьаран коьрта Iалашо ю хореографин искусствон ламасталлин культурин тоьлла агIонаш кхиор а, Iалашъяр а, кегийрхошна нохчийн къоман хелхаран хазалла, оьздангалла гайтар а, йоI-кIант хелхадаларехь лардан дезачу гIиллакхех кхетор а.

Шуьйтан кIоштан Культурин цIийнан сцени тӀехь паргӀатчу кепара хелхарш дира Итон-Кхаьллан а, Шаройн а, Шуьйтан а кӀошташкарчу кегийрхоша а, мехкарша а.

Республикехь бевзаш болу балетмейстерш бара жюрин декъашхой. Царна юкъахь вара: Нохчийн Республикин халкъан артист Межидов Iадлан, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Магомадов Абулайса, Нохчийн Республикин халкъан артистка Асхабова Асет, Нохчийн Республикин хьакъволу артист Межидов Асхьаб.

Конкурсан дакъалацархой хелхарш дина бевлча, жюрис шен болх бира.

Конкурсан 1-чу турехь цхьаьна хелха долуш хиллачу 10 йоIах, кIантах 5–6 къастийра жюрис.

Республикин кӀошташкарчу хелхаран ерриге а тобанашна юкъахь схьакъасторан тур дӀаяьлча, фестиваль-конкурсан дерзоран финальни дакъа Хелхаран дуьненаюкъара де долчу, оханан (апрель) беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь дӀадахьа лерина.

З.ЯХЪЯЕВА
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: