Медколледжана техникин гIирсаш эцна

Нохчийн медицинин колледжана техникин гIирсаш эцна А-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан фондан чоьтах.

Дешаран заведенин материальни-техникин хьал тодарехь фондо дуьххьара дина гIо а дац иза. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон пресс-службо.

Колледжан студенташца а, хьехархошца а хиллачу шен цхьаьнакхетарехь Э.Сулеймановс билгалдаьккхира: «Стохка, А-Хь.Кадыровн цIарахчу фондан президентан Кадырова Айманин сацамца, медицинин колледжан кабинеташна а, лабораторешна а оьшуш болу гIирс эца 3 миллион сом ахча деллера. Колледжан студентийн шайн хаарийн тIегIа лабораторешна чохь болчу гIирсашна тIехь кхин а лакхадаккха аьтто бу».

Медицинин колледжан белхан, дешар дIахIотторан хьал дикачу агIор хийцадалар а хьахийра Э.Сулеймановс.

«ТIаьхьарчу шерашкахь медицинин колледжехь долу хьал дикачу агIор хийцалуш ду, студентийн дешарна тIехь кхиамаш бу. Хьалха низам а, дешар а дIахIоттор ледара дара, наха аьрзнаш дар бух болуш а долуш. Карарчу хенахь колледжан дешаран-методикин хьал тодеш а, студенташ деша леларан низамна тIехь терго латтош а, аттестаци процессана Iуналла дар совдоккхуш дIахьош болу болх чIагIбина. Колледжехь говзанчех цхьаьнатоьхна коллектив хилар тидаме а эцна, хьехархойх вовшахтоьхначу комиссино медицинин а, фармацевтийн а белхахошна аттестаци яр а, царна хьакъ йоллу категореш билгалъяхар а низаме дерзийна. Медицинин а, фармацевтикин а дешар чекхдаьккхинчарна шайн хаарш тIедуза кечъеш дешаран аьттонийн майда а ю», – элира цо.

З.ХИЗИРОВА
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: