Нохчийн мотт а, истори а кхиоран Институтан Ӏилманан белхахоша республикерчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн балхана методикин гӀо-накъосталла дарна лерина «Нохчийн меттан пачхьалкхан жамӀдаран аттестацина кечамбаран эвсаралла лакхаяккхар» аьлла, рогIера семинар-практикум дӀаяьхьира бекарг (март) беттан 17-чу дийнахь.

Цига кхайкхина бара республикин кӀошташкарчу школийн 9-чу классийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархой.
Нохчийн мотт а, истори а кхиоран Институтан директора Умхаев Хьамзата дийцира институтан Ӏилманан коллективан векалша республикерчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархошца цхьаьна дӀабахьа леринчу балхах лаьцна.
Семинар дIаяьхьира «Ас дIалур ю ПКЭ!» (пачхьалкхан коьрта экзамен) методикин гӀо-Ӏаматан авторша: Нохчийн Республикин халкъан хьехархоша Дудаев Султана а, Абдуразаков Шертбека а, Россин Федерацин дешаран сийлахьчу белхахоша Тутаева Сацитас а, Хунарикова ПетӀамата а.
Талламан-лараран коьчаллин хьалхарчу декъан чулацам а, цуьнан мах хадоран хьесапаш а дийцаре а дина, хьехархойн хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбира йозанан жима болх.
Цул тӀаьхьа хьехархойн белхан мах хадийра.
Талламан-лараран коьчаллин шолгӀачу декъехь хиллачу хийцамех лаьцна дийцира гӀо-Ӏаматан автора Тутаева Сацитас.
Цул тӀаьхьа экзаменан тӀедахкаршца богӀу тайптайпана белхаш кхочушбира семинаран дакъалацархоша.
Хьехархойн хаттаршна жоьпаш а луш, кхидӀа болу болх тӀехъэвсаречу уьн тIехь дӀабаьхьира С.Тутаевас.
КхоалгӀачу декъан тӀедилларх лаьцна дийцира гӀо-Ӏаматан авторех цхьаъ йолчу Хунарикова ПетӀамата.
Говза кечйинчу слайдех пайда а оьцуш, цо довзийтира 9.1, 9.2, 9.3 сочиненеш язъяран методикин некъаш. Ткъа 9.3 сочиненина дахарера масал далош, арахецархойн муьлхачу авторийн говзарех пайдаэца аьтто бу дийцира П.Хунариковас.
Семинар дӀахьочу юкъанна кхоллалуш хилла хаттарш дийцаре динчул тӀаьхьа, фразеологизмийн рефлексех дерг а хьахийра.
Хьехархойн хаттарш хиларца билгалдолура иштта семинар-практикум хьехархошна беркате хилар.
З.ЦОНТАРОЕВА
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо