«Аьрзу» ансамблана «Халкъан самодеятельностан коллектив» цӀе елла

Шелан кIоштан Культурин урхаллин иллин а, хелхаран а «Аьрзу» ансамблан коллективана «Халкъан самодеятельностан коллектив» цӀе елла.

Коллективана хаза кхаъ хилира хӀокху деношкахь Шелан культурин цӀийнехь ансамблан репитицешка хьажа Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Бауди веача.

Шелан кӀоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Ӏелас Инстаграмехь йолчу шен агӀонехь а хаам бо ансамблана и сийлахь цӀе яларан хьокъехь.

Шелан кӀоштан Культурин урхаллин хьаькам Баргишев Ӏадлан а, «Аьрзу» ансамблан коллектив а, цуьнан куьйгалхо Абуев Саламбек а, корматаллин кхиамца декъалвира Ибрагимов Турпал-Ӏелас а, Дааев Хож-Баудис а.

Билгалдаккха деза и цӀе Нохчийн Республикерчу коллективашна юкъахь дуьххьара елла хилар.

Культурин министра Дааев Хож-Баудис ансамблана деллачу тоьшаллин кехата тӀехь билгалдаьккхина: «Нохчийн Республикин халкъан исбаьхьаллин кхолларалла а, ламасталлин культура а Ӏалашъярехь а, кхиорехь а баккхий кхиамаш бахарна, Шелан кӀоштан Культурин урхаллин иллин а, хелхаран а «Аьрзу» ансамблана «Халкъан самодеятельностан коллектив» цӀе ло», – аьлла.

Иллин а, хелхаран а «Аьрзу» ансамбль 2007-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь хореографин кружок вовшахтохарца кхоллаелла ю.

Хьалха Абуев Саламбека куьйгалла деш кружок яра иза. Амма Шела шахьарахь хелхадовла Ӏама лаам болу бераш дукха хиларна, ансамбль кхоьллича, дика а хир дара, иза берашна оьшуш а яра аьлла, ансамбль вовшах туьйхира.

Кхиамаш дукха хилла ансамблан. «Аьрзу» Россин яккхийчу регионаша дӀохьочу конкурсашкахь дакъалаца а, совгӀаташ даха а кхиъна.

Царах цхьаберш бовзуьйту. «Аьрзу » дакъалоцуш хилла Железноводскехь дIаяьхьначу сценин а, исбаьхьаллин а искусствон «Тешалахь хьайн седанах» Дуьненаюкъарчу IX-чу конкурс-фестивалехь.

Коллективо «Халкъан хелхаран тоьлла композици» номинацехь Диплом а, I-чу даржан ши Диплом а, Гран-При совгIат а даьккхира цигахь.

Цул сов, ансамбль 2019-чу шарахь Сочехь дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу «Дуьненан хазахетар» конкурсфестивалехь дакъалоцуш а хилира.

«Тешалахь хьайн седанах» фестивалехь дакъалоцуш цхьа эзар сов артист вара Къилбаседа Кавказан республикашкара. Царна юкъахь яра Дагестанан, ГIебартойн-Балкхаройн, Комин, Ставрополан, Краснодаран мехкашкара иллин а, хелхаран а ансамблийн коллективаш.

Фестивалан уггаре а кегий дакъалацархой 4 а, ткъа баккхийнаш 18 а шераш долуш бара. Искусствон тайп-тайпанчу жанрашкахь шайн хьуьнарш, говзалла гайтира бераша. Уьш Венгрехь, Гуьржийчохь, Сербехь, Хонкарахь дIахьочу дуьненаюкъарчу фестивалашкахь хилла, совгIатан меттигаш яьхна.

Къилбаседа Кавказан ерриге а республикашкахь а хуьлуш ю «Аьрзу».

Ши шо хьалха Гуьржийчохь, Сухишвили Ильян 110 шо кхачарна леринчу дуьненаюкъарчу конкурсехь дакъалецира ансамбло. Цигара а Гран-При совгIат дохьуш баьхкира артисташ.

Цул тӀаьхьа, Железноводскехь Гран-При совгIат даьккхира. Сочехь а, ГӀезалойчоьнан пачхьенехь – Казанехь а дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу фестивалашкара совгӀаташца цӀабирзина къона арстисташ.

«Аьрзу» ансамблана оьшуш долу накъосталла деш ву Шелан кӀоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Ӏела, Шелан кӀоштан Культурин урхаллин хьаькам Баргишев Ӏадлан.

Ансамблан «нана» хилла схьайогӀу исбаьхьаллин куьйгалхо Эдельханова Хеда (Малика).

Теша лаьа ансамблан кхиамаш оцу тӀехь боьрзург цахиларх.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№23, бекарг (март) беттан 24 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: