Республикин Парламентан депутаташа къобалдина ду «Никотин дIакхачоран декъерчу электроне системаш (ЭСДН) а, царна лерина тIуналлаш а, тонка дохдаран гIирсаш а бохкарна а, уьш лелорна а Нохчийн Республикехь доза тохаран хьокъехь» долу закон.
Шен куьг а яздеш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIеэцна а ду иза.
Оцу законан лехамашца нийса а догIуш, кхиазхошна ЭСДН а, цунна лерина тIуналла а, тонка дохдаран гIирсаш а бохкар дихкина ду республикехь.
Цул сов, оццу законо дихкина дешаран а, культурин а, могашаллаIалашъяран а, спортан а, социале а гIишлошкахь а, юкъараллин транспорта тIехь а, берийн майданашкахь а, лифташ чохь а, дукхапетарийн цIийнашкарчу учашкахь а электроне цизаьркаш ийзар а.
Депутаташа билгалдаккхарехь, иштта закон тIеэцар республикерчу кегийрхошлахь вейпаш яржарца доьзна дара.