Бюджетан дуьхьа алкоэнергетикаш а, вейпаш а магор муха ду?

Карарчу хенахь алкоэнергетикаш йихкина ю Россин Федерацин 38 субъектехь. Царна юкъахь ю Нохчийн Республика а. Федеральни законодательствос хIора а субъектана еллачу бакъонашца догIуш  ду иза. Амма, январь беттан чаккхенехь Россин Федерацин финансийн министерствос Правительстве дехар дина, субъекташкара «алкотергонан» бакъо дIаяккха аьлла.

Финансийн министерствос билгалдарехь, «регионашкара и бакъо дIаяккхаро юзур ю федеральни бюджет». Цул хьалха Правительстве иштта дехар Федеральни антимонопольни службо а динера.

Рейд по выявлению незаконной продажи алкогольных энергетиков в рамках проекта "Народный контроль"

Кхузахь ала догIу «Пачхьалкхо а, спиртан производство а иза дохкар тергонехь латторан хьокъехь…»  законца нийса а догIуш, Россин Федераци юкъахь йолчу субъектийн бакъо ю «алкоголан продукци йохкаран хан, меттиг къастон а, иза ца йохкийта а».

– Тахана муьлххачу а субъектан бакъо ю малар дехка. Ткъа иза бюджетана дика дац. Регионашкарчу политикаша шайна цу тIехь реклама йо. Амма, царна реклама хилар бен, кхин цунах хуьлуш пайда бац, – бохуш дуьйцу Алкоголан федеральни а, региональни а рынок талларан туьшан директора Дробиз Вадима.

Цунах терра маьIна а долуш, доклад Федеральни антимонополин службо а йина.

– Цул сов, субъекташа вахош долу маларш дохкаран хенашна дозанаш хIиттадо. Малар духкуш йолу туька школашна а, больницашна а маса метр генахь хила езаш ю а хIора субъекто шена хетаре терра къастош ду. Ткъа цхьайолчу субъекташа шайн дозанашкахь малар дерриге а дIадаккхар дуьйцу. Цу тайпана дозанаш деттаро контрафактни продукци йохкаран барам лакхабаккхарна «накъосталла» до. Цундела, субъекташкара и бакъо дIаяьккхича, федеральни бюджетана  мехала пайда хир бу, – аьлла хета Дробизна.

Дробиза дина къамел финансийн министерствон белхахошна тайна а ца Iаш, алкоголан продукцин производителийн Союзан куьйгалхочунна Добров Дмитрийна а тайна.

Цунна хетарехь, Россин Федераци  цхьа мохк хилча, алкоголан продукцин хьокъехь а цхьатерра бакъонаш хила еза.

Наркотикех, алкоголах, тонканах Россин Федерацин бахархой ларбаран Юкъараллин палатин кхеташонан куьйгалхочун Хамзаев Султанна хетарехь, субъекташкара «алкотергонан» бакъо дIаяккхаро экономикин тIаьхьалонна чолхе лар юьтур ю.

– Тайп-тайпанчу субъекташкахь тайп-тайпана хьал а, культура а ю. Цундела оцу хьокъехь махкахь цхьааллин политика ян мегар дац. Таханлерчу дийнахь субъекташкара «алкодозанаш» дIадахахь, федеральни бюджете дуккха а ахча кхочур ду. Иза бакъ ду. Амма 5–10 шо даьлча, вайн бахархойн могашалла талха йолалур ю. ТIаккха экономически жигара болчу бахархойн барам лахлур бу. Ткъа иза  тахана бюджетана ахча эшарал а бIозза кхераме ду, –  шена хетарг довзуьйту Хамзаевс.

Хамзаевна хетарг къобалдеш цхьаболу губернаторш а бу.

– Росси цхьа мохк хиларх, кхузахь дехаш цхьа къам дац. Цул сов, Росси тайп-тайпанчу пачхьалкхаша федеративни барт тIе а эцна, кхоьллина мохк бу. Цунах «Россин Федерацин региональни башхалла» олу. Иза тидаме ца эца вайн йиш яц. Цундела Россехь алкоголан хьокъехь цхьаалин политика дIакхехьа гIертар нийса ца хиларал сов, законца догIуш а дац, – боху Кировн областан губернатора Белых Никитас.

Тайп-тайпанчу субъекташкахь маларца долу хьал тайп-тайпана хилар къобалдо 2015-гIа шо чекхдолуш хIоттийначу Россин Федерацин субъектийн алкоголизацин рейтинго.

Цуьнца нийса а догIуш, маларх уггаре а къехкаш йолу субъекташ лерина Нохчийн Республика а, ГIалгIайн Республика а, Республика Дагестан а. Ткъа уггаре а маларца гергарло лелош ю аьлла, билгалъяьхна ю Жуьгтийн автономин область, Ненцойн автономин округ, иштта Магаданан область.

И.ИСЛАМОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: