…Ларло, ларло, ларло! Ларде шайн да-нана, гергарнаш

«Оьшуш долу дерриге а гIуллакхаш деш ду вай – бахархошца кхеторан болх дIабахьарна а, дозанашкахь терго латторна а тIера сурсатийн а, энергетикин а кхерамазаллин проблемаш дIаяхарна тIекхаччалц. И болх хаддаза дIахьош бу, дийнахь а, буьйсанна а, Iедалан органийн векалш а, Iеламнах а, кегийрхойн боламийн жигархоша. Вай кийча ду муьлхха а хиламашна дуьхьалдовла. Цуьнца цхьаьна билгалдаккха деза коронавирусца къийсам латторехь коьрта кхиам адамаш шаьш лардалар а хилар! Ларло, ларло, ларло! Ларде шайн да-нана, гергарнаш. Вайн декхар ду кхетам болуш хила а, оцу уьнах ваьш ларлуш хила а. Иштта бен вайн ницкъ кхочур бац COVID–19 тIехь толам баккха».

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан
№24, бекарг (март) беттан 27 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: