«Тхо балхахь севцца шун дуьхьа, шу чохь совца тхан дуьхьа»

2019-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан чаккхенехь Чинин пачхьалкхан Ухань гIалахь гучуделира коронавирусан ун. Пачхьалкхехь а, цул арахьа а дIасадаьржира иза.

Малайзи пачхьалкхе а кхаьчна и ун. Лоьраш, хаддаза цомгашнаш тIеоьцуш, царна дарба деш, къахьоьгуш бохкуш бу.

Цул сов, церан могашаллина кхерам а бу и ун тIедаларна, амма юхабовла дагахь бац уьш, ун шайн махкара дIадаллалц. Иштта чолхе хьал тIехIоьттинчу Малайзин пачхьалкхан цхьана больницин лоьраша шайн мехкан бахархошка хIоранга а кхайкхам беш: «#тхо хьан дуьхьа балхахь ду, хьо тхан дуьхьа цIахь Iе», – аьлла, флэшбом йолийра. И сурт интернета чухула дукха сиха дIасадаьржира.

Ун даьржинчу пачхьалкхашкарчу лоьраша а дакъалецира оцу акцехь. Тахана даьржинчу уьнан зIе хадор – иза хIора а стаг шен цIахь Iар ду, къаьсттина карантин хIоттийначу муьрехь.

Хууш ма-хиллара, Россе а кхаьчна коронавирусан ун. Цуьнан даржаре хьаьжжина, цхьайолчу регионашкахь карантин кхайкхийна. Оцу регионашна юкъахь ю Нохчийн Республика а.

Таханлерчу (27.03.2020 ш.) дийнахь коронавирус йолуш итт вахархо ву республикехь. Больницашкахь оьшуш болу берриге а кечамаш бина ун ца даржийта.

Соьлжа-ГIалин №1 йолчу I.Ханбиевн цIарахчу клиникин больницин лоьраша а, медйижарша а гIалин а, республикин а бахархошка кхайкхам бина: «#тхо балхахь севцца шун дуьхьа, шу чохь совца тхан дуьхьа», – аьлла флэшмоб.

ДУТУЕВА МАККА
№24, бекарг (март) беттан 27 де, 2020 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: