Карарчу беттан 5-чохь дуьйна, машенаш а, цӀерпошташ а, кеманаш а дӀасалелар сацийна ца Ӏаш, шен дозанаш дӀакъовлуш а ю Нохчийн Республика. Иштта хаам бина Кадыров Рамзана.

«ЦӀаван лаам болуш мел верг оханан 5-гӀа де кхачале цӀаверза веза. Цул тӀаьхьа чувуьтур волуш вац цхьа а. Халкъан кхерамазаллица доьзна делахь, суна бен дац… Я кеманца а, я цӀерпоштаца а. Дан дезарг меттигерчу Ӏедална хеттачу кепара дайта аьлла, федерацин Ӏедале кхайкхам бо ас. Субъекташкахь долу хьал цигарчу куьйгалхошна дика девзаш ду«, – билгалдаьккхина республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, бахархойн а, субъектан а кхерамазаллин дуьхьа сацамаш бан шаьш декхарийла хилар а хаийтина цо.